КӀуж болу хьоза — (en. Northern Lapwing) (Оьрсаша "Чибис" олу цунах). Йоца зIок а йолуш, боцийра когаш а болуш ду иза. ТIемаш шуьйра ду цуьнан. Букъ баьццарчу дарийн бос бетталуш бу. ЧукIело кIайн ю. Лога кIело Iаьржа ю. Корта а Iаьржа бу, бIаьргашна гондахьара кIайн ю. Хиш, Iаьмнаш долчу тIуьнчу меттигашкахь хуьлуш ду и олхазар.
- Къилбехьа бовхачу мехкашка дIай-юхий оьхучех иза. Бен лаьттахь бо бецан хаьлгехь. Тойна апрель, май беттанашкахь доккху. ХIоа диъ хуьлу цуьнан, мокха тIедарчий а долуш. Дадар тIемаш ваьштадохкий охьадогIуш, чехка тIемаш тухий айлуш, хьалий-охьий ийлуш ду. Адам юххе гIоьртича цунна чу а хехкалуш бен чIогIа ларбо. Садолу хIумнаш йоу цо[1].
Доца факташ КӀуж болу хьоза, Ӏилманан классификаци ...
КӀуж болу хьоза |
---|
![Борша кӀуж болу хьоза](//upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/d2/Kiebitz_050424ausschnitt.jpg/275px-Kiebitz_050424ausschnitt.jpg) Борша кӀуж болу хьоза |
|
Vanellus vanellus (Linnaeus, 1758) |
КӀезиг кхерам бершIUCN 3.1 Least Concern : / 22693949 |
|
ДӀачӀагӀа