Кхача ахьар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Кхача ахьар — кхача ахьаран а, клетканаш иза тӀелацаран а чолхе процесс ю. Кхача оьхучу хенахь органически макромолекулаш кегийчу молекулийн кепе йоьрзу, къаьсттина, кхачан биополимераш мономерийн кепе йекъало. И процесс дӀахьо кхача охьучу фермантийн гӀоьнца. Лакхахь йийцина процесс чекхяьлча кхача клеткийн цитоплазмах худало (бактерийн а, жӀали нускалийн клеткин чохь кхача ахьар доцучу хьокъехь а, клеткин чохь кхача ахьар долчу хьолехь а) йа кхача ахьаран трактан агӀонийн чухула организман коча го чу (адаман — цӀий чу йа лимфа чу). Кху кеппара, кхача ахьаран процессан Ӏалашо ю кхача дегӀах бола а, организмо цунах пайда эцар а.