Крбавера тӀом (Крбавин арара тӀом) — 1493 шеран 9 сентябрехь Хорватин паччахьаллин (Мажарчоьнан паччахьаллица цхьаьна хилла) а, Ӏусманан империн а эскаршна йукъахь хилла тӀом.
Доца факташ Крбавера тӀом, Терахь ...
Крбавера тӀом |
---|
Коьрта конфликт: Ӏусманийн-мажарийн тӀемаш |
Акынджеш тӀамехь |
Терахь |
1493 шеран 9 сентябрехь |
Меттиг |
Крбавин аре, малхбален Лика |
ЖамӀ |
Ӏусманан империн хадам боллуш толам |
Кеп:1453
|
Хорватин паччахьалла
|
|
Хадим Якъуб-паша ИсмаӀил-бей Мехьмед-бей
|
Мирко Деренчин † Иван Франкопан Цетински
|
|
|
кӀезиг, билггала ца хаьа
|
8000
|
|
|
Викиларми чохь медиафайлаш |
ДӀачӀагӀа
ТӀом чекхбаьлла хорватийн эскар дерриг хӀаллакдарца, оцу хенахь дуьйна туркоша схьадаха долийна хорватийн латтанаш, схьадаккхар ца сецна Сисакера тӀом (1593) хиллачул тӀаьхьий бен. Оцу шина тӀеман йукъара бӀе шарахь хорватийн историн латтанийн дукхаха долу дакъа дӀалаьцна Ӏусманан империс.
Хорватийн эскар 10 эзар стаг гергга дара, царех 8 эзар гӀашлой хилла, ткъа бисинарш — беза дошлой. Эскаран куьйгалла дина Хорватин бано Деренчин Миркос (Имрес). Туркойн ницкъаш бара 8 эзар стаг гергга, берриш аьлча санна байн дошлой (акынджеш), куьйгаллехь вара боснийн санджакан бей Хадим Якъуп-паша.