From Wikipedia, the free encyclopedia
Абубака́р Хаса́нович Косто́ев ((в)йина 1967 шеран 30 июль, Сипсо-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — Российн МВД белхало, полицин майор, Российн Федерацин турпал (2014).
Абубакар Хасанович Костоев | ||
---|---|---|
ГӀуллакхан тайпа | полицейский | |
Вина терахь | 1967 шеран 30 июль (57 шо) | |
Вина меттиг | ||
СовгӀаташ |
|
|
Абубакар Хасанович Костоев Викилармехь |
Костоев вина 1967 шеран 30 июлехь Нохч-ГӀалгӀай АССРн Сунженски кӀоштан Орджоникидзевская юртахь[1]. 1993 шо дуьйна иза ву МВДхь болх беш. Цо чекхйаьккхина Ростован технологийн колледжан гӀишлошйаран дакъа (Ярославски областан Ростов гӀала)[2] а, Российн МВД Санкт-Петербурган университет а. 2011 шо дуьйна иза ву полицин лакхара куьпан инспектор.
Цуьнан майралла а, говзалла а бахьнехь дукха нах болчу меттахь террористан бомба эккхитуш новкъалла хилира. Костоев йукъахь волу полицин тоба машен тӀехь волу зуламхо сацо гӀоьртира. Бомба эккхар бахьнехь виъ полицейски чевнаш йира, лулахь Ӏаш волу цхьа стаг вийра. Костоеван масийтта чов йинера.
2014 шеран 14 октябрехь цунна йелла Российн Федерацин Турпалан цӀе.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.