From Wikipedia, the free encyclopedia
Константино́поль (желт. Κωνσταντινούπολις, Константину́полис, йа ἡ Πόλις — «ГӀала», хункар. قسطنطينيه [kostantîniyye], турк. Konstantinopolis, лат. Constantinopolis) — 1930 шеран 28 март кхачале хилла Истмалан официалан йоцу[1] цӀе (офиц. Керла Рум[1][2]) Руман империн (330—395), Византийн, йа Малхбален-Руман империн (395—1204 а, 1261—1453 а), Латинан империн (1204—1261), Хункар-мехкан (1453—1922) коьрта шахьар.
Европин а, Азин а дозанехь, Дешийн МаӀан а, Мармаран хӀордан а йуккъехь, стратегин меран тӀехь лаьттина йолу Византийн Константинополь, коьрта шахьар йара керстачеран империн — Шира Руман а, Шира Желтойчоьнан когаметтайолчу. Йуккъера бӀешерашкахь Константинополь уггаре ехаш гӀала йара Европехь. Тахана а йу иза бахархойн барамца Европехь уггаре йоккха гӀала.
ГӀалин хилла цӀераш — Византи (желт. Βυζάντιον, лат. Byzantium), Керла Рум (желт. Νέα Ῥώμη, лат. Nova Roma) (патриархатан титулан йукъайогӀу), Константинополь, Царьград (славянийн; гочйина желтойн цӀе «Царственный град» — Βασιλεύουσα Πόλις — Василевуса Полис, город василевса), Истмала. «Константинополь» цӀе хӀинца а лелош йу таханлерачу желтойн маттахь, «Царьград» — къилба славянийн меттанашкахь. IX—XII бӀешерашкахь лелийра хаза цӀе «Византида» (желт. Βυζαντις)[3]. ГӀалан цӀе официалан Истмала аьлла хийцира 1930 шарахь Ататюркан реформаш йоьдуш.
324 шарахь, шайна йукъахь хиллачу тӀемашкахь толам баьккхича, Руман империн императоро Сийлахь-воккха Константина вайн эрал VII бӀешо хьалха дуьйна хиллачу желтойн колонехь Византи гӀалахь йолайо йаккхий гӀишлошйар — йухайина ипподром, йоьттина керла гӀаланаш, йоккха Асхьабийн килса, дутту гӀопан пенаш, империн массо а маьӀӀера гӀалин чукхоьхьу исбаьхьаллин кхолламаш. Масштабан гӀишлошйар бахьнехь гӀала масийттаза йоккхало, чӀогӀа тӀекхета бахархой европин а, азин а провинцера миграцин чоьтах.
330 шеран 11 майхь Константина Руман империн коьрта шахьар официалан дехьа йоккху Босфор тӀиерачу гӀала, цӀе туьллу цунна Керла Рум, Константинополь.
ТӀаьхьа а гӀала сиха йоккха хуьлуш кхуьура, ахбӀешо даьлчи, урхаллехь император Феодосий волуш, дутту керла галийн пенаш. ГӀалин керла пенаш, хӀинца а долуш долчу, шайна чулецира ворхӀ гу — Румехь санна.
Феодосий веллачул тӀаьхьа 395 шарахь Руман импери тӀаьххьара йекъало Малхбузен Руман империн а, Малхбален Руман импери. Малхбузан Руман импери йоьхначул тӀаьхьа (476) Малхбален имперех ламаст хилла олу малхбузен терминца Византийн импери йа деккъа Византи, шайн цӀе цара иштта цкъан йоккхуш ца хиллашехь, ша йоххалц Византийн имперех Ромейн (аьлчи а Руман) олу, ткъа цуьнан бахархойх — ромейш.
527—565 шерашкахь император Юстиниан урхаллехь волуш кхочу «дешийн бӀешо». Цуьнан урхаллин пхи шо даьлчи 532 шарахь гӀалахь иккхира боккха «Никан» гӀаттам — гӀала хаъал йохийра, Сийлахь-йоккха Софиян килса йегира.
Къизаллийца бунт охьатаӀийна Юстиниана шен заманан угаре дика архитектораш балабой йуха йутту коьрта шахьар. Йеш йу керла гӀишлош, килсанаш, гӀаланаш, керлачу гӀалин йуккъера урамаш кечдо колоннадашца. Ша-кепара меттиг дӀалоцу Сийлахь-йоккха Софиян килса йаро, цунах хилира уггар йоккха килса керстачеран дуьненахь, иштта латта а лаьттира эзар шарахь — Румехь Сийлахь Петран Килс йаллалц.
«Дешийн бӀешо» гӀуо доцуш а дацара: 544 шарахь Юстинианан Ӏаьржачу уьно гӀалин бахархойн 40 % синош дӀадаьхьира.
ГӀала сиха кхуьуш йу, цунах хьалха хуьлу оцу хенан гӀуллакхийн йукъ, ткъа дукха хан йаллале уггаре йоккха гӀала дуьненахь. Цунах ала долийра деккъа ГӀала. Къегинчу муьрехь гӀалин майда йара 30 эз. гектар, ткъа бахархой — бӀеннаш эзар стаг, иза иттаза сов йара йаккхийрачу Европин гӀаланел[4].
Дуьххьара туркойн топоним İstanbul ([isˈtanbul] хьахайар — иста́нбул, шеш ма-йаккхара йолу цӀе ɯsˈtambul — ыста́мбул) гучуйовлу Ӏаьрбийн, ткъа цул тӀаьхьа X бӀешарахь тюркийн хьосташкахь а, схьадаьлла (желт. εἰς τὴν Πόλιν), «ис тин пόлин» — «гӀала» йа «гӀалин тӀе» — желтойн маттахь Константинополан цӀе хуьлу иза. Нохчаша Истмала олу.
666 шерера 950 шо кхаччалц болчу муьрехь гӀалан мосийттаза гуо лецира Ӏьарбаша, болгараша, оьрсаша.
717—741 шерашкахь урхаллехь император Лев Исавр волуш Иконашца тӀом баран мур болало, иза лаьттира IX бӀешо йуккъе даххалц, хӀаллакйо динан теманашкара дукха фрескаш а, мозаикаш а.
Византин шолгӀа дукха чӀогӀа къагар, ткъа цуьнца цхьаьна Константинополь а, йолало IX бӀешарахь Ӏедале Македонийн некъий (856—1071 шераш) еачи. Оцу хенахь, шен коьртачу мостагӀашна болгарашна (Василий II-гӀачун харц цӀе йара Болгарех кхоьрург) а, Ӏаьрбашна а тӀехь баккхийчу тӀеман толамашца цхьаьна, къега желтойн меттан оьздангалла: Ӏилма (хийцамаш бо Константинополан лакхарчу ишколехь — ша-кепара дуьххьара европин университет, 425 шарахь Феодосий II-гӀачо кхоьллина йолу), суьрташ дахкар (коьртаниг фрескаш а, иконаш а), литература (коьртаниг агиографи а, хиламаш йазбар а). ЧӀагӀло дин даржоран гӀуллакх, дукхах дерг славянашна йукъахь, масала ду Кирилл а, Мефодий а.
Руман папин а, Константинополан патриархан а йукъахь барт ца хилар бахьнехь 1054 шарахь керстанийн килса екъаелира, ткъа Константинополах православин центр хилира.
Импери хьалха Юстиниан йа Ираклий волуш санна йоккха ца хиларна, Константинопольца йуста кхин гӀала йацара цигахь. Оцу хенахь Константинополо ловзайора ладаме роль Византин ерриг областан дахаран. 1071 шарахь, туркой-сельджукаш тӀелата буьйлабелчи, импери а, цуьнца цхьаьна гӀала а бодане йужу.
Комнинийн некъийн урхалла долуш (1081—1185 шерашкахь) Константинополан хуьлу тӀаьххьара — бакъ ду, Юстинианан а, Македонийн а некъий болуш санна-м ца хуьлу. ГӀалин центр дӀатаьӀа малхбузера гӀалин пенашка, хӀинцалерачу Фатихь а, Зейрек а кӀошташка. Йан йолайо керла килсанаш а, керла императоран гӀала а (Влахернан гӀала<!—ТӀаьхьа йина хила тарло ? -->).
XI а, XII бӀешерашкахь генуахойш а, венецихойш а шайн каралоцу йохк-эцаран хьалхе, охьаховшу Галата тӀе.
1204 шеран 13 апрелехь Константинополь схьайоккху ДеаззалгIа жIарийн лелабахаран рыцарш, цара йагайо иза, талораш дой хIаллакйо. ГIала жIарашлелочеран Латинан империн коьрта шахьар хуьлу крестоносцев, экономикин олалла карадоьду венецихойн. 1261 шеран июлехь византихойша, генуяхойн гIоьнца, схьайоккху гIала, Iедал йуха а карадоьду византийн Палеологийн некъашна.
XIV бӀешо йуккъе даххалц Константинополь лаьттира йоккха йохк-эцаран центр, цул тIаьхьа йаслуш-йассаелира, коьрта позицеш гIалахь дIалецира венецихоша а, генуяхоша а. XIV бIешеран чеккхенгара Константинополь йаккха масийттаза гIоьртира Iусманан туркой. 1452 шарахь султана Мохьмада Мехкашдохучо Румелин гIап йар бахьнехь гIалин болх бина баьллера, 1453 шарахь 29 майхь бехха гуо латтийна гIала йуьйжира.
Константинополах коьрта шахьар хилира керла онда пачхьалкхан — Хункар-мехкан.
Царьград (нохч. Паччахь гӀала) — Туркойчура хӀинцалера Истмала а, Малхбален-Руман (Византийн) Империн коьрта шахьар а, Константинополь гӀалан а, мехкан а славянийн цӀе. Иза йоккхуш хилла масийтта кепара, меттане хьаьжжина, масала, шираславянийн: Цѣсарьградъ; килсаславянийн; Царьгра̀дъ, оьрсийн: оьрс. Царьгра́д; къилбаславянийн меттанаш: Кариград йа Цариград, церан абате хьаьжжина; словак. Carihrad; чех. Cařihrad; пол. Carogród; укр. Царгород; иштта Czargrad а, Tzargrad а; хьажа Царь.
Царьград — ширславянийн гочдар желтойн маттара Βασιλὶς Πόλις. Цхьаьнатоьхна славянийн дешнаш царь (паччахь) а, град (гӀала) нисделира Царьград (Паччахь гӀала). Пер Томсена дийцарехь, шираоьрсийн кепо Ӏаткъам бина Константинополан шираскандинавийн цӀеран Miklagard (Мikligarðr).
Болгараш иштта далийна и дош Велико-Тырново (Паччахь гӀалин Тырнов, «Императоран гӀала Тырнов»), болгарийн паччахьийн цхьа коьрта шахьар, амма Балканаш Хункар-мехкан Ӏедал кӀела кхаьччи, болгарийн дош леладора деккъа Константинополан цӀе йоккхуш.[5][6][7]
Константинополь йоьжначул тӀаьхьа 1453 шарахь къегаш йолу Оьрсийн пачхьалкх лара йолаелла ша Руман империн когаметта а, шайн ницкъаш иза денйийр хилар а (КхоалгӀа Рум). И тешам Оьрсийн православин килсано латтош бара, Ивана III-гӀачун тӀаьххьарчу Византийн императоран гергарчу Софья Палеологца бина мах нийса хилийта кеп лелош а. ЧӀагӀдора, паччахьийн Ӏалашо йу гӀала йухайерзор, амма, дуккха а къилба агӀора тӀелетарга хьаьжна ца Ӏаш, иза дан ца делира Малхбузе йукъагӀертарна ГӀирман тӀаман.
ХIинца «Царьград» дош йукъара дIадаьлла, шира дош хилла оьрсийн маттахь. Амма из ахIинца а лелош ду болгарийн маттахь, муххале а историн контекстехь. Болгарин коьртачу шахьрара Софияр коьрта транспортан артерин цIе йу Цариградско шосе («Паччахь гIалин некъ»); некъ болало Паччахь Маьршадаьхнарг бульвар тIиера, дIабоьду къилба-малхбале Истмала боьдучу коьртачу шоссе тIе. Царьград цIе иштта йисина дешнийн тобанашкахь, масала, цариградское грозде («Паччахь гIалин кемсаш», болгараш олу «кIудалгех»), даар цариградский кюфтенца («жима паччахь гIалин кюфта») йа алар «Цариграде (Паччахь гIала) а кхочур ву хаьттича». Словенийн маттахь из ахIинца а лелайо, официалан цIарал алсама а лелайо.[8] Нах кхета а кхета, наггахь лела а йо цIе Carigrad Боснехь, Хорватехь, Черногорехь, Сербехь.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.