From Wikipedia, the free encyclopedia
Коллонта́й, Алекса́ндра Миха́йловна (йинчу хенахь — Домонто́вич; 1872 19 (31) мартехь, Петарбух — 1952 шеран 9 март, Москох) — российн революционерка, советийн пачхьалкхан гӀуллакххо а, дипломат а. ССРС леррина а, йуьззина бакъо йолу а векал. 1915 шарахь дуьйна РСДБП (б) декъашхо. 1917—1918 шерашкахь хилла пачхьалкхан дола даран халкъан комиссар дуьххьарлерачу Советийн правительствохь, цуо йо цунах дуьххьарлера исторера зуда-министр[3].
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Коллонтай Александра Михайловна | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Александра Михайловна Коллонтай | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дуьххьара йу даржехь | ||||||
Когаметтаниг | Чернышёв Илья | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Копп Виктор | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Макар Александр | ||||||
Когаметтаниг | Макар Александр, Бекзадян Александр | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Пестковский Станислав | ||||||
Когаметтаниг | дипломатин йукъаметтигаш дӀахадийна | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | дарж кхоьллина; хенан правительствон министр — Кишкин Николай Михайлович |
||||||
Когаметтаниг | Винокуров Александр | ||||||
Йина терахь | 1872 шеран 19 (31) март | ||||||
Йина меттиг |
Петарбух, Российн импери |
||||||
Кхелхина терахь | 1952 шеран 9 март (79 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Москох, ССРС | ||||||
ДӀайоьллина | |||||||
Йича тиллина цӀе | оьрс. Александра Михайловна Домонтович | ||||||
Да | Михаил Алексеевич Домонтович | ||||||
Майра | Павел Ефимович Дыбенко, Владимир Людвигович Коллонтай[2] | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Домонтович Александра Михайловна йина Петарбухехь таро йолчу элийн доьзалехь. Александра Михайловнин да, лакхара инарла Домонтович Михаил, дакъа лаьцна оьрсийн-туркойн тӀамехь 1877—1878 шерашкахь, хилла Тырновн губернатор Болгарехь 1878—1879 шерашкахь; нана, Массалин-Мравинская Александра, хилла финнийн хьуьнан дечиган гӀирс бухку фабрикантан йоӀ.
Нанас йина йиша — Мравинская Евгения — операн йишлакхархо (театран цӀе Е. Мравина).
Тайп-тайпана агӀора дешар Ӏамийна цӀахь. Масех кхечу мехкийн меттанаш хаара (ингалсан, немцойн, французийн, шведийн, норвегийн, финнийн, кхин а), литература йезаш йара. Цунна боккха Ӏаткъам бира цӀахь Ӏамош йолчу хьехархочо М. И. Страховас, иза дог лазаш йара халкъан паргӀаталлех[4]. 1888 шарахь экзаменаш йелира Петарбухера 6-гӀа божарийн гимназера гимназин курсехь. Лийлира Исбаьхаллийн дог айаран ишколе, сурт дилларан мехах Ӏомийлаш а ийцира. Йукъатуьйхира дуьненан сийлаллийн йукъараллин. Домонтович Александран кегийрхойн гуонан йукъахь вара цуьнан маьхча Северянин Игорь. «ЦӀехо-можа сахьтан тхи» цӀе йолу автобиографин поэмехь поэта дагалоьцу:
Тхан цӀа бевзачехь дуьзина жӀуга:
Верещагин математик а,
Мравина а, Коллонтай а.
Жимачу хенахь дуьйна Александра йезаш йара божаршна, уьш дика къасто а хаара цунна. Иштта, иза ца йахара маре инарле Тутолмин Иванега, ткъа цуо евзинчу сарахь йола аьлла дехар динера. И йезаш волчех цхьаъ волу Драгомиров Ивана (инарлин кӀант), шега цуо дина къамел лан а ца делла ша-шена герз туьйхира.
Александра Домонтович къуона йолуш, ша императоран адъютанте маре дӀайала гӀертачу дена-нанна дуьхьала а йаьлла, маре йахара генара гергарчуьнга, ТӀеман-инженерин академи чекхйаьккхинчу, къийечу эпсаре Коллонтай Владимире (1893)[5]. Пхи шо даьлча цуо витира майра а, кӀант а, революцин боламехь дакъа лацархьама: «Суна лаара мукъа хила. Кегийра бахаман а, цӀийнан а Ӏуналло дерриг де дойура, таккха соьга кхин ца йазлора повесташ а, романаш а… Жима кӀантана набкхеташехь, со уллера чу а йоьдий, Ленинан жайна деша хӀуттура»[6].
Социалистийн боламан декъа Коллонтай Александра йеира 1890-гӀа шерашкахь Стасова Елена бахьнехь. ДоттагӀалла дара цуьнан Щепкина-Куперник Татьяница, цуьнан цӀахь Коллонтай полицех лечкъина Ӏийра.
1898 шарахь, майра а, кӀант а витина, дӀайахара Швейцаре, цигахь деша хӀоьттира Цюрихан университете профессор Геркнер волчу. Профессоро аьлларг дина, 1899 шарахь йахара Ингалсе цигара белхалойн болам Ӏамо. Ингалсехь бевзира Вебб Сидней а, Вебб Беатриса а. Цул тӀаьхьа 1899 шарахь Россех йухайирзира.
1901 шарахь дозанал арайелира, Женевехь вевзира Плеханов Георгий.
1905 шеран 9 январехь демонстрацин тоьпаш тухучу заманахь хилла Петарбухан урамашкахь. 1905 шарахь Петарбухехь вевзира Ленин Владимир. Российн социал-демократин парти шен II гуламехь большевикашна а, меньшевикашна а екъаеллачул тӀаьхьа Коллонтай дӀа ца кхийтира шинне а декъах. ТӀаккха а, оцу хенахь шен тешарца иза герга йара Плехановн, иза йуьхьанца большевикийн агӀо лаьцна, вол-волуш меньшевикийн агӀора велира.
Сан доттагӀий бара шинне а лагерехь. Даган герга йара большевизм… амма Плехановга болчу безамалло сецайора меньшевикех къастарх[7].
Хьалхара оьрсийн революцин заманахь, 1905 шарахь Коллонтай кхоллийтира «Белхалошна-зударшна вовшашна гӀодаран йукъаралла». Революци эшначул тӀаьхьа 1908 шарахь кхелхира кхечу махка, хӀунда аьлча, иза бехке йира герзашца гӀаттаме кхайкхарна, шен брошюрехь «Финлянди а, социализм а». Эмиграцехь цкъа хьалха кхийтира РСДБП реформистийн тӀеме, ликвидатораллин агӀо лецира, цул тӀаьхьа дехьайелира отзовисташкахьа, Болоньяхь фракцин ишколехь кхоьллина «Хьалха» цӀе йолчу коьрта тобанехь лекцеш йийшира. Яхара цхьа могӀа Европин мехкашка (Бельге, Йоккха Британе, Германе, Дане, Норвеге, Франце, Швейцаре, Швеце), цигахь зӀенаш тесира меттигерачу социал-демократин а, суфражистийн а боламашца, царна йукъахь жигара дакъа а лоцуш. Шозза хилира АЦШ. РСДБП векал йира дуьненайукъара социалистийн конгрессашка Штутгарте (1907), Копенгагене (1910), Базеле (1912).
Дуьненан хьалхара тӀом болабеллачул тӀаьхьа Либкнехт Карлан гӀоьнца арайалайелира Германера. Швецехь йолуш, дӀакъаьстира тӀом къобал бинчу меньшевикех а, европин социал-демократин аьтту тӀомах а. ТӀеман империалистийн амал йемалйаро герга йалийра Коллонтай большевикашна, ткъа чеккхенца царах кхийтира 1915 шарахь. Жигара антимилитаристийн кхайкхам бахьнехь, масала, цхьаьна Швецин журналехь, 1914 шеран ноябрехь, тӀеман дуьхьала йаззам зорба тохарна, иза лецира шведийн полицис, йалийра Мальмё гӀопе, Густав-паччахьан омарца арайаьккхира махкара. Копенгагенехь йаха хиина, Коллонтайс Ленинца зӀе тесира, цуьнан лерина тӀедехкина белхаш кхочуш дира, масала, шозза агитаци эцна йахара АЦШ.
Россех йухайирзира 1917 шеран Февралан революци хиллачул тӀаьхьа, дукха хан йаллале хилира Петарбухан советан Кхочушдаран комитетан декъашхо. Большевикийн тӀеман кхолламан векал хилла дакъа лецира 1917 шеран РСДБП(б) 7-гӀа (Апрелан) конференцин балхехь, декъахь хилира буьззина Ленинан, «Апрелан тезисашкахь» йийцина, ойланийн агӀо лаьцна кӀеззиг бен боцучу векалшна йукъара. I Йерригроссийн Советийн гуламо хаьржира большевикашна йукъара ЦКХК декъашхо. «Шин Ӏедалан» муьрехь лелийра дика хӀоттийна агитацин болх салташна а, матросашна а йукъахь, иза бахьнехь Хенан правительствон Ӏедал тӀаьхьадаьлла лийлира цунна. 1917 шеран июлехь, аьрру, тӀеман дуьхьала йолу Стокгольмера Циммервальдан цхьаьнакхетаран гуламера йухайогӀуш, Коллонтай лецира Хенан правительствон омарца. Чуйоьллина латтийра Выборган зударийн набахтехь, арайаьккхира ахча закъалтан диллина, и ахча делира йаздархочо Горький Максима а, инженеро Красин Леонида[8] а. Лаьцна йолучу хенахь, 1917 шарахь, РСДБП(б) VI гуламо цигахь йоцушехь хаьржира гуламан сийдолу председатель а, партин ЦК декъашхо а.
1917 шеран 10 (23) октябрехь дакъа лаьцна герзашца гӀаттам бан а, Петроградехь Октябран гӀаттам бан а сацам бинчу РСДБП(б) ЦК ховшаршкахь. Советийн II съездан Президиуман декъахо (1917 шеран 25—26 октябрь). Большевикийн а, аьрру эсерийн а Ӏедал хӀоттийначул тӀаьхьа хаьржира ЕЦКхК, 30 октябрехь Ленина[9] ша делира хьалхарчу РСФСР Комиссарийн Халкъан Советан йукъара йукъараллин емалан халкъан комиссаран дарж. Халкъан комиссариатехь Коллонтайс кхоьллира Нанолла а, бералла а лардаран дакъа, Нанолла а, бералла а лардаран а, латторан а коллеги. «Оцу структурийн политика хӀоттайора, нанолла лардар зударийн спецификин постулат йолуш санна, иза дуьххьала дӀа пачхьалкхан декхар долун дела»[10].
1918 шеран 13—21 январехь (шира рузманца) матросийн тобанан гӀоьнца схьайаккха гоьртира Петроградера Александро-Невски лавра, цунна массашкахь дуьхьало йира динехь болчара; Лавра схьайаккхар цкъачунна дита дийзира[11]. Лавра схьайаккхарна гуонахьара эксцессаш (царна йукъахь протоиерей Скипетров Петр виер а) хилира дуьххьара дӀа Патриарха Тихона 19 январехь «Ӏовдалш» анафеме баларах «Кхайкхам» арахецаран (ширчу рузманца) бахьна[12]; 22 январехь, оцу хенахь Москохахь болх беш болу Российн Православин Килсан Сийлахь Гуламо къобал бира патриархан кхайкхам.
1918 шеран мартехь, Бухарин Николай Ивановичан а, «аьрру коммунистийн» а позицешкахь лаьтташ йолуш, дуьхьала йелира Брестан машаран бертан, реза ца хилар гойтуш арайелира правительствон йукъара. Гражданийн тӀом боьдуш болуш хьажийра Украине, цигахь коьрте хӀоьттира 1-ра Днепран дехьара Украинин советийн дивизин политикин декъан, ткъа цул тӀаьхьа ГӀирмин советийн республикин агитацин а, пропагандин а халкъан комиссариатан, ткъа кхин а ГӀирмин эскаран политикин декъан.
Исбаьхьаллин кхолламаш
Ӏилманан белхаш
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.