From Wikipedia, the free encyclopedia
Клермонан гулам — руман папас Урбан II-гӀачо килсан-административан а, килсан политикин а гӀуллакхаш листа, французийн КлегӀмон гӀалахь (хӀинца КлегӀмон-ФегӀгӀан) кхайкхина килсан гулам, болабелла 1095 шеран 18 ноябрехь. Клермонан гуламехь бара католикин динан а, дуьненан белхан а гӀуллакххой (дукхах берш французийн элий а, рыцарш а)[1]. Клермонан гуламо чӀагӀдина «Делан Дуьненан» берриг керстачеран декхар, килсанах дӀакъастийна Францин паччахь Филипп I-ра, 1092 шарахь шозлагӀа а зуда йалийна аьлла.
1095 шеран 26 ноябрехь, Клермонан гуламан ховшарш чекхдевлча, бевзаш болчу нахана а, динан гӀуллакххошна а хьалха папас Урбан II-гӀачо гӀадвахана къамел дира, цуо кхайкхира малхбалехьа а дахана, мукъа йаккха Иерусалим бусалбачеран олаллех, жӀарахойн тӀелатаран декъахойн къинош дӀахеца а, декхарех мукъабаха а. И кхайкхам бижира беркатен латан тӀе, хӀунда аьлча и ойланаш гӀараевлла йара цул хьалха а малхбузаевропин пачхьалкхий къоман йукъахь, тӀелатар мичча а хенахь кхолладала тарлуш дара. Папин къамело билгал бен ца бехира католикийн йоккхачу тобанан лаамаш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.