From Wikipedia, the free encyclopedia
Кетар — Россехь йеха тӀехула духу кхекхан йа цӀоканан барзакъ[2], девза XV бӀешарахь дуьйна[3][4].
Не шей дублёной шубы, оброку прибавят.
Посулил боярин шубу, да не дал: ин слово его тепло.
Зударийн тӀехула кӀади тоьхна, чухула чо болу кетар йукъарайаьлла XX бӀешарахь[4].
Тайп-тайпана йерина кетарш, шина кепара хуьлу: кӀади тоьхна а, тоханза а. КӀади тоьхна кетаршна тӀехула дарин йа кехатан кӀади тухуш хилла»: Ӏаьржа йа сийна цӀахь дина йа фабрикехь дина исхар, китайка, нанка, шал йа дари. КӀади тоханза кетарш йора дермат бина уьстагӀан кхекхех цӀен-можо бос болуш, кӀур биллина Ӏаьржа йа хьийна кӀайн кхакханах[5]. Шуьйра йаьржира нийса йух а йолу, пхьош а долу ши тӀам болу кетарш, агӀонашна тӀе хуттура шорло асанаш. Кетарийн таьтту тӀам тӀехула боккхура аьрручунна, маӀаршца, кӀеганашца йа кӀеда неӀаран, даьӀахкан, дечиган нуьйдаршца дӀатосура. Кач хила тарлора кхекхех йа чо болу цӀоканах бина. Ӏиданан кетарш къовлура деза фабрикин исхарца, дукха хьолехь сийна бесара. Кочан а, аьтту йухан а турс лоцура йезачу чо болу цӀоканца (салор, тарсал, бобр) йа къаьста бесара хуьлура кетаран кхекхех. Ӏиданашкахь оьрсаша доьхкура кетаран цӀен дуьйцина йа исхаран доьхка[3][5]. Кетарийн йохалла хуьлура голаш тӀекхаччалц а, хьорканаш тӀекхаччалц а, цӀога кетар олура ахархойн чо чухула болу кхекхех йина барзакъах, кӀади тоьхна а, тоханза а хуьлура иза а, керчаш тера йара, амма голлелц бен йацара[6].
Йуккъера бӀешерашкахь Русехь кетар хуьлура паргӀата йа гӀеххьа гӀодайукъахь гатйина белаш тӀекхуссу йеха йух йолуш йа мелла а голел охьайолу, нуьйдарчий йухку, йухабуьллу ча болу цӀоканан кач болу барзакъ. Уьш кхекхех тегна ца Ӏара, тоьгура йеза цӀоканех: салорах, горностайх, цхьогалх, песецах, тӀетухура хут, махмар[4], кечйора бойнашца, тегаршца, детин экъанашца, мехала тӀулгашца, детин нуьйдаршца. Кетар кечлуш духа духар дара элийн а, хьал долчу гӀалахойн а, кетарш йухий сакъоьрура Ӏиданан деношкахь, салазаш хоьхкура, тойнехь Ӏара. Элаша дукха хьолехь механа йеза кетарш лелайора салорех а, цхогалах а — Ӏаьржабоьра, Ӏаьржа, сира, таьӀна-сира, кхин а тарсалех тегна. Хьал долу ахархойн таро хуьлура шена кхекхех йа пхьагалан цӀоканах кетар тега. Уггаре мехала лорура дийнатан гайн тӀера йаьккхинчу цӀоканан кетар, цуьнан чо кӀеда а, нилха а хуьлу. Мелла а йораха хуьлу цӀока — букъ тӀера йаьккхинарг, алсама буькъа, месала, онда амма морса[7]. Кетар хьал дуй хоуьйту сийлалла йу, хьал долу совдегаран маре йоьдучу йоьӀан тӀорказ чохь хила тарлора йалх-ворхӀ кетар, ахархойн доьзало йоьӀанна йа кӀантанна кетар эца ахча тӀекӀелдуьллура масех шарахь. Кетарш лерина Ӏалашйора, тӀаьхьенна йуьтура. Кетар мехала совгӀат лорура: цаьрца совгӀат дора пачхьалкхан гӀуллакхехь билгалваьллачунна, совгӀатна йохьуьйтура кхечу мехкашкара паччахьашна, совгӀат дора кхечу мехкийн векалшна. Петран заманахь йухабуьллу кач болу кетарех оьрсийн кетар олура, с шуьйра пхьош долчех, туркойн кепара — туркойн кетар олура, ткъа готта кач болу, лагехь мАӀар болчух — полякийн олура[8]. XVIII—XIX бӀешерашкахь йаьржира гӀодайукъ гатйина кетарш, ткъа гӀодайукъахь хедийна кетарш моде йевлира XIX бӀешеран тӀаьххьарчу ткъе пхеа шарахь, кура лорура камчаткера, сира йоьлла бобрех йина кетарш[4]. Российн къилбаседехь XVIII — XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь совдегарийн чкъоьрера модахоша лелайора дарица къевлина, Ӏаьржабоьра цхьогалан цӀоканах кочмаш бина, цхьа тӀам болу элийн кетарш, тарсалан йа пхьагалан цӀоканех тегна, гӀодайукъахь хадийна, деха, шуьйра пхьош долуш[9]. Российн къилбехара гӀазакхийн зударша XVII бӀешарахь дуьйна лелайора донан кетар цхьогалан, тарсалан, цициган цӀоканех тегна, уьш XIX бӀешеран чаккхенгахь дуьйна къийла йолийра Ӏаьржа къега лаьстигах[3][5]. XIX бӀешарахь цӀоканаш дермат йар тоделча йукъайевлира хаза силу дина романовн кетарш а, романовн уьстагӀах дагарш дина йоца кетарш а[4], уьш лелайора коьртаниг провинцешкахь, ткъа коьрта шахьрара бахархоша тала боьлхуш[10] тӀейухура уьш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.