From Wikipedia, the free encyclopedia
Каролина, Монакон а, Ганноверан а принцесса (Каролина Луиза Маргарита Гримальди, фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi; йина 1957 шеран 23 январехь, Монакохь) — Монакон элин Ренье III-гӀачун а, голливудан киноседин Келли Грейсан а йоккхаха йолу йоӀ. 1999 шарахь дуьйна — Ганноверан принцесса (майрачун агӀора). 2005 шарахь да веллачул тӀаьхьа, цуьнан вешин эла Альбер II-гӀачун законехь долу бераш хиллалц[2], йара монакон Ӏаршан когаметтаерг.
Каролина Ганноверан | ||||
---|---|---|---|---|
фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi | ||||
|
||||
Дин | Католицизм | |||
Йина терахь | 1957 шеран 23 январь (67 шо) | |||
Йина меттиг | Элин гӀала, Монако | |||
Тайпа | Гримальди | |||
Йича тиллина цӀе | фр. Caroline Louise Marguerite Grimaldi | |||
Да | Ренье III | |||
Нана | Келли Грейс | |||
Майра |
1) Филипп Жюно 2) Стефано Казираги 3) Эрнст Август V |
|||
Бераш |
1-ра марех: дац 2-гӀа марех: Андреа, Шарлотта, Пьер 3-гӀа марех: Александра |
|||
Дешар | ||||
Динлелор | Католицизм | |||
Монограмма | ||||
СовгӀаташ | ||||
Сайт |
palais.mc/fr/la-f…(франц.) palais.mc/en/prin…(ингалс.) |
|||
Болхбаран меттиг | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Монакон принцесса Каролина йина Монакохь. Бераллехь цуо дукха хан йоккхура шен дененан а, деден а цӀахь Филадельфехь. КхоалгӀачу марехь Эрнст Август V-гӀачуьнгахь, Ганноверан принцехь. ПаргӀата буьйцу французийн, ингалсан, италихойн меттанаш, Ӏамийра немцойн а, испанхойн а меттанаш.
Принцессин хазахета говрийн спорт а, лижаш тӀехь хехкайалар а. 1985 шарахь дакъалецира «Париж-Дакар» ралли-рейдехь раллин экипажан декъахо йолуш спортан киранан Astraceen автомобиль тӀехь, пилот вара цуьнан майра Казираги Стефано[3][4]. Хелхарш Ӏамийра «l’Ecole de Danse de Marika Besobrasova» Монте-карлохь. Кхиамашца локху фортепиано а, шедаг а.
Принцесса Каролина дуьххьара маре йахара 1978 шеран 28 июнехь (гражданийн церемони), 29 июнехь (динан церемони) Монакохь Жюно Филиппега (19.04.1940), парижан банкире. ДӀасакъаьстира 1980 шеран 9 октябрехь. 1992 шарахь Руман-католикин килсо официалан бохийра и мах.
Каролина ша шолгӀа маре йахале цхьаьна хенахь гуора Робертино Росселиница, Роберто Росселинин а, Ингрид Бергманан а кӀентаца.
Цуьнан шолгӀа майра хилира Казираги Стефано (08.09.1960 — 03.10.1990), спортхо а, хьалдолчу италин промышленникан когаметтаверг а. Иза маре йахара Монакохь 1983 шеран 29 декабрехь. Церан кхо бер хилира:
Жимаха долу шина беран цӀераш йелира церан ненадененан а, ненадеден цӀарах — Монакон принцессин Шарлоттин а, принцан Пьеран а. Воккхахаверг, Андреа, цуьнан ден жимхаллехь хилла доттагӀчун цӀарах тиллинера. Стефано Казираги кхелхира аварехь хин-кема хохкучу хенахь.
Каролинин кхоалгӀа, хӀинца а волу майра ву принц Эрнст Август V Ганноверан (26.02.1954), Ганноверан цӀийнан некъийн корта, тӀаьххьарчу урхаллин герцоган Брауншвейг-Люнебурган кӀентакӀентакӀант Эрнст Август II-гӀа, Камберлендан герцог, Йоккха Британин паччахьан Георг III-гӀачун кӀентакӀентакӀант. 1772 шеран британин Паччахьийн зудайалоран актаца, и мах бан официалан пурба паччахь-аьзнис Елизавета II-гӀачо а, Йоккха Британин Къайлаха кхеташоно а.
Каролина Эрнст Августе йахара Монакохь 1999 шеран 23 январехь. Цуо йитинера шен хьалхара зуда Шанталь Хохули 1997 шеран сентябрехь.
Каролинин а, Эрнст Августан а йоӀ хилира:
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.