Захаров-Чеченец, Пётр Захарович
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пётр Заха́рович Заха́ров-Чече́нец (1816 шо гергга — 1846 шо) — Российн исбаьхьалча-портретист ву. XIX бӀешарахь нохчех цхьаъ бен воцу исбаьхьалча.
Доца факташ Пётр Захарович Захаров-Чеченец, ГӀуллакхан тайпа ...
Пётр Захарович Захаров-Чеченец | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | исбаьхьалча |
Вина терахь | 1816({{padleft:1816|4|0}}) |
Вина меттиг | Дади-Йурт, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 1846({{padleft:1846|4|0}}) |
Кхелхина меттиг | Москох, Российн импери |
Корматалла | исбаьхьалча |
Гражданалла | Российн импери |
Куьг таӀор | |
Пётр Захарович Захаров-Чеченец Викилармехь |
ДӀачӀагӀа
Цунах лаьцна хууш кӀезга хӀума ду. Цунна деша ваха гӀо дира Ермолов Алексейс. ТӀаьхьа цо Ермоловн сурт диллира. И сурт Ӏедална хазахетарна цунна академикан цӀе йелира. Захаровс дехкина кхечу суьртех девзаш ду лоьран Ф. И. Иноземцевн а (1844), профессор Грановский Тимофейн а (1845), Постниковн а (1845), кхечеран а суьрташ. И массо сурт Москохахь Третьяковски галерейхь ду. Захаров-Чеченец дохкуш хилларш дукха хьолехь портреташ дара.