![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/07/Lascaux2.jpg/640px-Lascaux2.jpg&w=640&q=50)
Дуьххьарлера йукъаралла
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дуьххьарлера йукъаралла (кхин а исторел хьалхара йукъалалла, исторел хьалхара мур) — йоза дагадалле адамаллин историн мур, оцу муьрал тӀехьа таро хуьлу историн талламан, цуьнан бух бу йозанан хьосташ Ӏаморехь. Термин исторел хьалхара йукъадаьлла XIX бӀешарахь. Шуьйрачу маьӀнехь дешнаш «исторел хьалхара» леладо муьлхачу муьранна йоза йукъадаккхале йолчу, йолайелла Дуьне кхоьллинчу хенахь, амма готтачу маьӀнехь — адаман хьалхалера исторел хьалхарчун. Контекстехь хоуьйту, муьлха «исторел хьалхара» мур бу буьйцург, масала, «исторел хьалхара миоценера маймалаш» (23—5,5 млн шо хьалха) йа «йуккъера палеолитан Homo sapiens» (300—30 эз. шо хьалха). ХӀунда аьлча, билгаладаккхарца, оцу муьрехь лаьцна цуьнан заманхоша дитина йозанан хьосташ дац, цунах лаьцна хаамаш болу, хӀокху Ӏилманашна тӀетевжиш, масала, археологи, этнологи, палеонтологи, биологи, геологи, антропологи, археоастрономи, палинологи, археогенетика.
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/07/Lascaux2.jpg/320px-Lascaux2.jpg)
Йоза тайп-тайпана къаьмнийн тайп-тайпанчу хенахь йукъадаьллан дела, дукха оьздангаллашна термин исторел хьалхара ца лелайо, йа цуьнан маьӀна а, хенан дозанаш а цхьаьна ца догӀу адамаллийца дийнна. Масала, Колумбал хьалхара Америкин муьраш хӀиттадар ца догӀу муьрашца Евразин а, Африкин а[* 1].
Хаамаша исторел хьалхарчу заманах наггахь бен ца хькхалахь, даиман ца алахь а этносех лаьцна хӀумма а, коьрта социалан дакъа адамаллин исторел хьалхарчу муьран йу археологин оьздангалла. Массо терминаш а, муьран периодизаци а, масала: борзанан йа аьчкан оьмар, йу ретроспективан, ладаме тегӀанехь, билламан, ткъа церан билгала билгало йийцайаккхаран предмет йу.