![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/d0/Dorylee2.jpg/640px-Dorylee2.jpg&w=640&q=50)
Дорилейн гергара тӀом (1097)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Дориле́йн ге́ргара тӀом (турк. Dorileon Muharebesi; 1097 шеран 1 июлехь) — Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран эскарна а, Руман султанан Кылыч-Арслан I-чун а, ДанышмендгӀеран эмиран ГӀазин а цхьаьнатоьхна эскаршна а йукъара жӀарахойн толамца чекхбаьлла тӀом.
Дорилейн гергара тӀом | |||||
---|---|---|---|---|---|
Коьрта конфликт: Хьалхара жӀарахойн тӀелатар | |||||
![]() Дорилейн гергара тӀом, Histoire d'Outremer, XIVe siècle, BN MS Fr. 352 f. 49 | |||||
Терахь | 1097 шеран 1 июлехь | ||||
Меттиг | Дорилейн гергахь, Туркойчоь | ||||
ЖамӀ | ЖӀарахойн толам | ||||
МостагӀий | |||||
|
|||||
БӀаьччаш | |||||
|
|||||
Массон ницкъаш | |||||
|
|||||
![]() |
Хьалхара жӀарахойн тӀелатаран эскар Никей йаьккхинчул тӀаьхьа Жимчу Азехула Антиохин тӀелата дахара. Сихха эскар шина декъе декъаделира: 20 000 сов стаг волу авангард Боэмундан, Танкредан, Нормандин Робертан, Блуан Стефанан баьччаллица, ткъа коьрта ницкъаш — 30 000 сов стаг — Фландрин Робертан, Гуго Сийлахьволчун, Бульонан Готфридан, Тулузин Раймундан баьччаллица дара.
Сельджукийн султан Кылыч-Арслан а, ДанышмендгӀеран Гюмюштегин ГӀази а, Кайсерин Хьасан бай а кхерам бахьнехь цакхетамаш дӀа а баьхна шайн ницкъаш вовшахтуьйхира. Цара 8 эзар стегах лаьтта эскарца Дорилейн гена доццуш жӀарахой богӀу некъан шинне а агӀора кӀело йира.
1097 шеран 1 июлехь, жӀарахойн авангард гича, сельджукаш цунна тӀелетира, уьш тешна бара иза дерриг эскар хиларх. Уьш толам баьккхин бовлушехь, тӀекхиира жӀарахойн эскаран тӀехьахушха тӀедеина коьрта дакъа. Кылыч-Арслан ведира.