From Wikipedia, the free encyclopedia
Дональд Джон Трамп (инг. Donald John Trump; (в)йина 1946 шеран 14 июнь[2][3][…], Медицинский центр Джамейки, Нью-Йорк[3][4]) – иза америкин пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо а, предприниматель а, миллиардер а ву. Иза АЦШ-н 45-гӀа президент а ву 2017 шеран 20 январера 2021 шеран 20 январе кхаччалц, Республикин партино хаьржина.
Трамп, Доналд | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
инг. Donald Trump | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Барак Обама | ||||||
Когаметтаниг | Джо Байден | ||||||
Дин | Неденоменационное (внеконфессиональное) христианство[1] | ||||||
Вина терахь | 1946 шеран 14 июнь[2][3][…] (78 шо) | ||||||
Тайпа | семья Дональда Трампа | ||||||
Вича тиллина цӀе | инг. Donald John Trump[4] | ||||||
Да | Фред Трамп | ||||||
Нана | Мэри Маклауд | ||||||
Зуда |
Ивана Трамп (1977—1991) Марла Мейплз (1993—1999) Меланья Трамп (с 2005) |
||||||
Бераш |
Дональд Трамп жим. (в. 1977) Иванка Трамп (й. 1981) Эрик Трамп (в. 1984) Тиффани Трамп (в. 1993) Бэррон Трамп (в. 2006) |
||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
ГӀуллакхалла | недвижимость, мехкан урхалла, телевизионное продюсирование, Политика[6], коммерция[6] | ||||||
Динлелор | Неденоменационное (внеконфессиональное) христианство[1] | ||||||
Автограф | |||||||
СовгӀаташ |
премия «Золотая малина» за худшую мужскую роль второго плана (1991) Шнобелевская премия (2020) Time 100 (2021) Time 100 (2018) Time 100 (2020) |
||||||
Сайт | donaldjtrump.com | ||||||
Пачхьалкх | АЦШ | ||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
ГӀараваьлла бизнесмен а, медиамагнат волу[7][8], Трамп Trump Organization цӀе йолчу гӀишлошйаран конгломератан президент а, иштта марзлун ловзарийн а, хьешийн цӀийнан бизнес тӀехь корматалла йолчу Trump Entertainment Resorts компанин бухбиллархо а ву. 1996-2015 шерашкахь «АЦШ-н Мисс» цӀе йолчу хазалла къовсаман доладархо вара. Иштта шен хьокъехь роль ловзош ша гайтина масех кинофильма чохь а, телесериала чохь а. Цул сов 14 сезон дохаллехь (2004-2015) NBC –н телеканалехь «Кандидат» цӀе йолу реалити-шоу а дӀайаьхьна цо. «Time» цӀе йолчу журнала версица 2016 шеран Адам а лаьрра[9][10][11].
1988-чу шарахь хиллачу президентан хармашкара дуьйна, Трампе цул тӀехь массо а бохуш санна йолчу харжамашкахь президентан даржан коьрта кандидат волуш санна хьежна[12][13][14]. 1999 шеран октябрехь цо ша реформин партера хьалхатеттира АЦШ-н президентан коьрта кандидат ву аьлла дӀа а кхайкхош[15], амма 2000 шеран 14 февралехь цо шен кандидатура харжамашкара дӀайаьккхира[16]. РогӀера АЦШ-н президентан хӀотторан къовсамехь ша дакъалоцур хилар хаийтира 20Ӏ5 шарахь 14 февралехь[17]. 2016 шеран майхь, праймеризехь къийсархошна йукъахь толамбаккхар ондда тоьшалла дара Республикин партино иза кандидат хьокъехь хаьлхатоттург хиларх. И массарна а хоуьйтуш тӀечагӀдира 18-21 июлехь хиллачу партин гуламехь. Ткъа иза цкъа а хьалха пачхьалкхан даржашкахь болхбина а воцуш, дуьххьара дӀа бизнесмен санна вевзаш волчарах харжаман исторехь шолгӀа вара АЦШ-н президентан дарж къовсу кандидатех (хьалхарниг вара Уэнделл Уилки 1940 шарахь).
2016 шеран 8 ноябрехь хиллачу президентан харжамашках. Демократически партин кандидатан Хилари Клинтонел харжамхойн кхаьжнаш кӀезиг а боллушнехь, Дональда Трампа толамбаьккхира, хаьржинчара 306 кхаж баларна (56, 88%) бахьанехь[18]. Шен 70 шо кхачарехь Дональд Трамп ханна АЦШ-н хаьржинчу президенташна йукъахь уггаре воккха ву, цу кеппара цо йохийна, 69 шарахь цу дарже ваьллачу Рональд Рейганан рекорд.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.