From Wikipedia, the free encyclopedia
Дин — иманах доьзна хьажаран билгала система, цунна чудогӀу гӀиллакх, леларан тайпа, Ӏадаташ, Далла гӀуллакх дар, адамаш тобанашка цхьаьнатохар (Килс, уммат, сангха, динан йукъаралла)[1].
Динан кхин билгалонаш:
Кхин а «дин» термин кхетадо ишттачу маьӀнехь, масала субъективан-стогаллин («тешар», «диналла») а, объективан-йукъара а (дин институцин хиламан хьокъехь — «дин лелор», «Делан лерам бар», «конфессеш»)[6].
Дуьне (Дуьне гар) гаран динан система тӀетевжина динан иманна, уьйр йу адаман а, адаман тӀехулара а синмехаллин йукъаметтигца[7], сверхчеловеческой реальности, о которой человек что-то знает, и на которую он ориентирует свою жизнь[8]. Иман чӀагӀдан таро йу динан зиеделлачуьнца.
Динан башха ладаме бу дика а, вон а, оьздангалла, дахаран Ӏалашо кхетамаш.
Дукхаха долчу дуьненан динийн бух дӀайазбина адамаша сийлахьчу йозанашкахь, уьш, Делах тешачара кхеторехь, Далла ша схьадешна йа чудиллина, йа хӀора билггалчу динан лакхара синан хьоле каьчна адамаша йаздина, башха серлабевлла йа хууш болчу сийлахь-баккхий хьехархоша, эвлайааша.
Дукхаха долчу динан йукъараллашкахь къаьстина меттиг дӀалоцу динан дайша (динан культан гӀуллакххой[9]).
Дукхаха долчу мехкашкахь алсама йолу дог-ойла дин ду, хаьттинчарех алсама болчара ша цхьаьна динехь хилар хоуьйтура[10][11].
Дин дешнашца билгалдаккхар — чолхе а, хала а хӀума ду, оцу хӀуманехь Ӏилманчаш цхьаьна билгалонна тӀе ца бахкало[3][12][13]. Дуккха а ойланчаша динан билгало лора хӀорамма шен кепара[14]. Йагарйича, цхьацца мах хадорца, 250 сов оцу кхетаман билгало йу[15], кхин мах хадорца — 1000 гергга[16][17].
Дин билгалдаккхаран дукхалла масех тайпана хуьлу. масала, хьалхара билгалдаккхар лаьтта «универсалан дош», «бакъ йолу дефиници» лахарехь динан формулин. ШолгӀачо чӀагӀдо, цхьа могӀа цхьаьна йукъараллехь дин лоруш долу Ӏилмано билгалдаьхна «дустарш», социалан хиламаш гайта мега олий. Амма цхьан а царех йемал дарех мукъа дац[18].
Исламехь лело din дешан, йуьхьанцара маьӀна дара Ӏедал — муьтӀахь дар, гӀиллакхаш, тӀаьхьа лело долийра АллахӀан а, АллахӀан барам боцучу Ӏедалан муьтӀах хилар, ша Деле дӀавалар, динан бехкамаш кхочуш бар, даггаха тешарехь нисвалар маьӀнехь. Цундела din дашо билгалдаккха долийра иман (тешар), ислам (Деле ша дӀавалар, муьтӀахь хилар, динан бехкамаш кхочушбар), ихьсан (бакъ хилар, эхь хетар, дог цӀена хилар — иман чӀагӀдар)[13].
Цийн маттахь исламан оьздангаллехь «дин» бохург билгалдоккху дашца chiao — «Ӏилма», японин — сюке — «Ӏилма»[13].
Шираславянийн маттахь леладора «тешар» дош, ткъа оьрсийн матта «религия» (дин) дош деина XVIII бӀешо долалуш[13].
Латинин «Дин» кхетам дуккха а керла бу дукхаха долчу дуьненан динел[19]. И дош лелош дац малхбузен динийн канонан документашкахь — Жуьгтийн товрат, Керла Весет, Къуръан[20] тӀехь. Латинин дош religio «беркате сий» маьӀнехь лелийра Библин хьалхарчу латинийн гочдарехь[21][22]. Вестфалан машар бинчул тӀаьхьа (1648) лат. religio лело долийра дин билгалдоккхуш, оцу маьӀнехь XVIII бӀешарахь иза чудеира оьрсийн матте[21][22].
Динан структурехь къастайо лахара компоненташ[24]:
Шира Мисран, ХӀиндин, Желтойн, Руман, ацтекийн, майян, шира германхойн, шира Русан динийн амалехь хилла текъамалла — политеизм.
Дела цхьаъ варан (монотеизм)[25] амалехь ду ишттачу динашна, масала, зороастризман, йахӀудийн динан, керсталлин, исламан, сикхизман, кхин цхьацца динийн а. Уьш йукъадовлар пайхамарашна ша Дала тӀедиллар ду.
Пантеизм — Ӏилманца Ӏалам а, Дела а цхьаъ ду. Пантеизм даьржина хилла цхьацца антикин динан-философин ишколашкахь (стоикаш), йуккъерабӀешерийн Ӏилманашкахь (хьажа Спиноза). Пантеизман дукхаха долу дакъалгаш текъамаллин динийн кепашкахь йу, кхин а цхьацца хӀокху заманан синкретикин оккультан Ӏилманашкахь йу: теософи, агни-йога, кхин а.
Дела а воцуш динаш дагадахкийтина адамашна иблисо —абстрактни идеалах тешар: конфуцианалла, даосизм, буддизм, джайнизм[26]. Оцу кепара динех этикин дин олу[27].
Диндовзархоша билгалдоккху, цкъачунна верриг кхетош жоп дац, дин хӀу йу бохучу хаттарна[28][29][30]. Пхи эзар сов дин ду[31][32][33]. Диндовзархочо Е. Н. Васильевас билгаладоккху, динийн дукхалла цхьаьна низме дало таро йина йукъара йуьззина классификаци кхолларан бала, бу вайн девза динаш чӀогӀа тайп-тайпана ду, царна йукъара цхьа бух ца карабо; цул сов, динаш — чӀогӀа динамикин объекташ йу, цундела муьлхха а динан классификаци, уьш кхиарца, лаахь а, ца лаахь а хийцамаш бан безаш хир бу; уггаре коьртаниг, динан билгало — иза уггаре хала хӀума ду диндовзарехь, оцу хаттарехь Ӏилманчашна йукъахь цхьа ойла йац[31].
Вайн дуьненан Ӏаламехь а, дукха къаьмнашкахь а лелаш ду кхоъ дин.
ХӀокхарах Авраамически я Авраамин динаш олу, вай ИбраьхӀиман динаш эра ду. ИбраьхӀим — иза АллахӀ-дала шен ислам-дин дуьххьара доссийна пайхамар а, элча а ву, кхечу динийн да олу цунах кхечу динехь болчара.
Кхин а ду масийтта динаш, амма уьш масийтта къаьмнашкахь дац, деккъа шайн мехкашлахь бен. Церан цӀераш: Агностицизм, Апатеизм, Деизм, Игностицизм, Итсизм, Панентеизм, Пантеизм, Политеизм, Теизм.
Даосизм, Конфуцианалла, Синтоизм.
Динан-мистикин зиеделларг даьккхина хила тарло чехка цамгарх а, кхин тӀедогӀу лазарех а, шизофренин лазарх, деменцех, терминалан хьелийн зиеделлачух йа галлюциногенийн симптоматикаш лелорца[34] доьзна аьлла гипотеза йу. центран нервийн системин цхьацца дозанан хьелашкахь галлюцинацеш хила тарло, цара шен рогӀехь гӀелдан тарло, лахара температура латто тарло, мацалла йа барам боцуш марха а, кхин хиламаш а латто тарло[35].
Билгалдахарш Коммент: Охьадалораш
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.