А. Дигрегорио Эрнест — жимахверг (инг. Ernest A. DiGregorio, Jr.; вина 1951 шеран 15 январехь Провиденсехь, Род-Айленд, АЦШ) — Къоман баскетболан ассоциацин «Баффало Брейвз», «Лос-Анджелес Лейкерс», «Бостон Селтикс» командашкахь левзина америкин профессионалан баскетболхо. Вевза Эрни Ди куньйаца, Дигрегорио левзина ловзар дӀахьо турслочун позицехь, гӀараваьллера буьрка лелоран а, буьрка дӀайала хааран а лакхарчу говзаллица. Шен хьомен Провиденсехь иза чӀогӀа вевзаш стаг вара, сий айаделира Къилбаседа Провиденсан баккхийчеран ишколан а, Провиденсан колледжан а баскетболан командашкахь ловзуш. ТӀаьхьарчуьнца иза 1973 шарахь кхечира NCAA турниран Йеаннан финале, цунна делира студентийн баскетболера масех совгӀат. 1973 шеран КъБА драфтехь иза хаьржира кхоалгӀа лоьмарца «Баффало Брейвз» клубо, дебютан шарахь къобал вира уггаре дика керла ловзархо аьлла, кхин а хилира ловзарехь дӀайаларан йуккъера барамца лигин лидер. Дигрегорион карьера йах ца йелира, шолгӀачу шарахь гола лазийначул тӀаьхьа цуьнан ловзар иэша доладелира, ткъа 27 шо долуш, КъБАхь пхи шо даьккхина, иза профессионалан спортера дӀавелира.
Доца факташ Дигрегорио Эрни, Карьера чекхйаьккхина ...
Дигрегорио Эрни |
---|
инг. Ernie DiGregorio |
|
Позици |
Ловзар дӀахьо турсло |
Харц цӀераш |
Эрни Ди |
Локхалла |
183 |
Возалла |
82 |
Гражданалла |
АЦШ |
Вина терахь |
1951 шеран 15 январь({{padleft:1951|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (73 шо) |
Вина меттиг |
Провиденс, Род-Айленд, АЦШ |
Ишкол |
Норт-Провиденс (Провиденс) |
Колледж |
Провиденс (1969—1973) |
Драфт КъБА |
3-гӀа (1-ра раунд), 1973, Баффало Брейвз |
Ловзарш |
312 |
Очкош |
2997 (9,6 йуккъера барам ловзарехь) |
Схьаэцар |
610 (2 йуккъера барам ловзарехь) |
ДӀайалар |
1594 (5,1 йуккъера барам ловзарехь) |
Схьалацар |
190 (0,6 йуккъера барам ловзарехь) |
Блок-шоташ |
14 (0 йуккъера барам ловзарехь) |
- КъБА шеран керла ловзархо (1974)
- КъБА керла ловзархойн 1-ра гулйина команда (1974)
- КъБА РЧ дӀайаларехь лидер (1974)
- NCAA йерригамерикин 1-ра гулйина команда (1973)
|
|
Викиларми чохь медиафайлаш |
ДӀачӀагӀа