From Wikipedia, the free encyclopedia
Десублима́ци (Депози́ци) — хӀума газкепарчу хьолера коча хьал дитина чӀогӀачу хьоле дехьадаларан физикин процесс. Десублимаций олуш энерги арайолу. Десублимаци ю экзотермин фазан дехьадалар. Юханехьа процесс ю дерзар (сублимаци). Десублимаци йо чӀогӀачу тӀехулонехь я хуьлу газан фазан чухоамехь аэрозоль кепара чӀогӀа хӀума ара а йолуш.
Десублимаци (шакхолладаларан процесс) йолуш ван-дер-ваальсан уьйранаш хуьлу ша-ша йолчу молекулашна юкъахь энерги а йолуш, иза дӀаюьгу десублимата тӀиера юкъахь уьйр йолуш шелъечу чӀогӀачу тӀехулонца, уьйр латтош кхин тӀе а чуюллачу шелонагентаца, газан иэдаршан тӀетуху кочалла Ӏаьнаре яларца, иза шоръяларца.
Десублимацин масала ду Ӏаьнан заманахь корийн ангалеш тӀехь хуьлу шен жӀамар а, кхин а атмосферан хӀоттам - йис а, дерз.
Десублимацин процессаш лелайо массо а халкъабахаман отраслашкахь: химийн, кхачанан, металлургин, электронийн, кхечу а. И процессаш лелайо хӀуман чура Ӏаьнаргазан иэдарш арадахархьама шелъечу тӀехулонаш тӀехь а, чухоамехь а, газкепара реагенташца химийн реакци йина керла чӀогӀа сурсаташ дахархьама, хӀума цӀанъярхьама, чӀогӀа тӀе ярхьама, йовхо ца лов гӀирсаш сублимацица бакъорхьама.
ХӀара физикех лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.