ДарнахӀ
From Wikipedia, the free encyclopedia
From Wikipedia, the free encyclopedia
ДарнахӀ (Ӏаьр. درنة) — Ливера гӀала, ДарнахӀ муниципалитетан административан йукъ. Лаьтта историн Киренаика махкахь, Лаьттайуккъера хӀордан йистехь.
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
ГӀала | |
ДарнахӀ | |
---|---|
32°46′ къ. ш. 22°38′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Ливи |
Истори а, географи а | |
Центран локхалла | 2 метр |
Сахьтан аса | UTC+2 |
Бахархой | |
Бахархой | 79 000 стаг (2005) |
Официалан мотт | Ӏаьрбийн |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +218 81 |
Картин тӀехь | |
ГӀалин бахархой, ливин Ӏарбой, сихха тӀекхеташ бу алсама дебарца. 1970-гӀа шераш тӀекхачале бехара кхин а итальянхой.
ГӀала лаьтта Лаьттайуккъера хӀордан айабеллачу берд тӀехь 26 – 27 м лакхахь БингӀази гӀалин 252 км[1][2]. ДарнахӀ мухьафазин административан йукъ йу. Генара схьа дуьйна Лаьттайуккъера хӀордан порт йара. 1493 шарахь хаъал йоккха хилла кхуза Испанера тӀамах бевдда бусалбанаш баьхкича. ХӀинца иза йоккха цитрусаш а, кхин стоьмаш а кхиоран, цаьрца махлелоран йукъ йу. Промышленностехь йоккху цеманц, доккху дама, до сабанаш, кхин а. Меттигерачу пхьоланашна йукъахь къаьсташ ду исбаьхьаллин эчиг кечдар, бердайистан курортийн зона а йу[3].
Йуккъерачу бӀешерашкахь ДарнахӀ йезайелира бусалбанийн хӀордан талорхошна а, лайш бухкучарна а (жьажа ЖехӀала неха берд), цара талораш дора Европера кеманашна XIX бӀешо доладаллалц. 1805 шеран апрелехь АЦШ эскарша дӀалецира Ӏусманийн ДарнахӀ Хьалхара берберийн тӀом боьдуш. 1912—1943 шерашкахь гӀалин урхалла деш йара Итали (Итальянхойн Ливи). 1951 шерал тӀаьхьа Ливи паччахьаллин йукъахь йара, 1969 шарахь дуьйна Ливин Республика, ткъа 1977 - 2011 шерашкахь Сийлахь Социалистийн Халкъан Ливин Ӏаьрбойн ДжамахӀирийа, 2011 шарахь дуьйна Ливи.
2014 шеран октябран чеккхенгахь гӀала дӀалаьцна Исламан пачхьалкхан (ӀЛИП) 800 стаг гергга волчу тобано.
2016 шарахь гӀала мукъайаьккхина террористийн кхолламах ӀЛИПах, оцу хенахь дуьйна Ливин муджахӀидийн Шуран Кхеташонан куьйгакӀелахь йу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.