ГӀиргӀа[1] (лат. Aquila chrysaetos) — куьйранийн доьзалера экха олхазарех уггаре девзачех цхьаъ, уггаре доккханиг эрзу. Даьржина Къилбаседа эхигехь, деха дукхах дерг лаьмнашкахь, кӀезиг деха йиллина аренан ландшафташкахь. Гена долу нах бехачу кӀошташна, адаме шен сагатдайта лууш дац. Ареалан доккхахчу декъехь цхьана меттиге бен туху, деха шишша цхьаьна бена чохь, къилбаседехьа а, лекха лаьмнашкахь а дехаш дерш кхелха кӀезиг ло долчу кӀошташка. Толлу тайп-тайпана экханашна, дукха хьолахь пхьагалшна, дехкашна, дукхачу тайпана олхазаршна. Наггахь тӀелета уьстагӀашна, эсашна, сен кӀорнешна. Бен бо дитт тӀехь йа тӀекхача хала долчу тархаш тӀехь. Тевнахь, дукха хьолахь ши хӀоа хуьлу, амма дукхах дерг цхьа кӀорни бен дийна ца дуьсу. Йуккъера Азехь гӀиргӀанаш цхьогалшна, пхьагалшна, наггахь берзлошна, хьехашна промыслан толлуш леладо.
Доца факташ ГӀиргӀа, Ӏилманан классификаци ...
ДӀачӀагӀа
Доца факташ Российн цӀиен жайна наггахь хуьлу тайпа ...
ДӀачӀагӀа
ТӀаьхьарчу бӀешерашкахь гӀиргӀа дайна хьалха даьхначу дукха кӀошташкара — цуьнан бахьна хилира массашкахь хӀаллакдар, пестицидаш лелор, урбанизаци, латташ бахаман хьашташна лелор. Тахана гӀиргӀа, европера дукхах долу экха олхазарш санна, пачхьалкхан законашца а, правительствошна йукъара барташца а Ӏалашдеш ду[2]. В частности, ГӀиргӀа имеет статус редкого вида в Красной книге России[3].