![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/2/20/Tokyo_Tower_and_Tokyo_Sky_Tree_2011_January.jpg/640px-Tokyo_Tower_and_Tokyo_Sky_Tree_2011_January.jpg&w=640&q=50)
ГӀала
From Wikipedia, the free encyclopedia
ГIала, Шахьар — бахархойн барамца, бахархойн мукъа ца хиларийн, географин, экономикин, историн, оьздангаллин маьIна долу амалца йогIу статус лоруш нах беха меттиг, [1]. Нах беха меттиг гIала лоруш низам, массо а пачхьалкхехь хIоттайо законашца[1]. Уггаре алсама нах беха меттигах гIала йийриг: лору дукха хьолехь 1-2 эзар стаг, амма цхьацца меттигашкахь хила тарло 100 стаг а 50 эзар стаг а[1].
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/2/20/Tokyo_Tower_and_Tokyo_Sky_Tree_2011_January.jpg/640px-Tokyo_Tower_and_Tokyo_Sky_Tree_2011_January.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/f/fb/Turkish.town.cesme.jpg/640px-Turkish.town.cesme.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/e/ec/Vyborg_SevernyVal3-5_006_8242.jpg/640px-Vyborg_SevernyVal3-5_006_8242.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/2/26/Bizansist_touchup.jpg/640px-Bizansist_touchup.jpg)
Истори агIора термин схьадолу меттиган гуонаха дуьхьалонан керт — вал йа пенаш хиларх. Шира Русехь гIала олура муьлххачу йоккхачу нах беха меттигах, гуонаха гуо бинчу. ГIаланаш, говзалла а, пхьола а кхиаран йукъ йара.
Йоккха хуьлуш, гIало йо гIалин агломерацеш. ЧIогIа ладаме роль мехкашна а, континенташна а лелайо коьрта гIаланаш, кхин а гIаланаш-миллионникаша йа агломерацеш-миллионераш[en] (бахархой 1 миллионал сов болчу), царна йукъахь мегалополисаш а, глобалан гIаланаш а йу. ГIаланашкахь беха ах сов Дуьненан бахархой[2].
ГIала нийса хIоттар Iамадо леррина дисциплина — гIалайар, цуо Iамадо гIалин хIоттаман законаш а, бакъонаш а. ГIалайар йукъадаьлла архитектурин чуьра, амма хан мел йели гIаланаш хилла йаккхий, церан планаш хIитто оьшура кхин тIе хаарш — гигиенех, экономикех, экологех, транспортах, кхин а дуккха хIумнех лаьцна[3].