From Wikipedia, the free encyclopedia
«Галатасара́й» (турк. Galatasaray Spor Kulübü) — туркойн Истмалан футболан клуб, йукъайоьду спортан «Галатасарай» йукъараллин, ловза Туркойчоьнан чемпионатехь. Кхоьллина 1905 шарахь. ЦӀера матчаш ловзайо 55 147 стаг чухоьучу «Тюрк Телеком Арена» стадионехь. Уггаре аьтту болчех цхьа футболан клуб йу махкахь, 22-за Туркойчоьнан чемпион хилла, 18-за Туркойчоьнан Кад баьккхина, 16-за Туркойчоьнан Суперкад баьккхина, УЕФАн Кад а, УЕФАн Суперкад а баьккхина.
«Галатасарай» | ||||
---|---|---|---|---|
Йуьззина цӀе |
Galatasaray Spor Kulübü | |||
Харц цӀераш | «Лоьмаш» (Aslanlar), Cimbom, Avrupa Fatihi Sarı-Kırmızılılar (Можа-цӀиен) | |||
Кхоьллина | 1905 | |||
Стадион | Тюрк Телеком Арена, Истмала | |||
Чухоам | 55 147 | |||
Президент | Дженгиз Мустафа | |||
Коьрта тренер | ? | |||
Капитан | Инан Сельчук | |||
Рейтинг | 68-гӀа меттиг УЕФА рейтингехь[1] | |||
Спонсор | Zott | |||
Сайт | galatasaray.org(туркойн мотт)(ингалс.) | |||
Къовсамаш | Туркойн Суперлига | |||
2023/2024 | Чемпион | |||
|
«Галатасарай» — турниран йохаллехь цкъан а ца оьшуш УЕФА Кад баьккхинчу шина командах цхьаъ йу, ткъа иштта Чемпионийн Лигехь тобанехь кхоалгӀа меттиг йаьккхинчул тӀаьхьа и турнир йаьккхина хьалхара команда а йу. 1999/2000 шерийн УЕФА Кедан финалехь «Галатасарайс» иэшийра лондонан «Арсенал» пенальтин серехь жамӀ 4:1 долуш, тӀаккха дуьххьара исторехь еврокад баьккхина туркойн клуб хилира. «Галатасарайн» иштта йу дуьненан рекорд цӀахь угара беха толамаш бахарх — 2001 шеран 13 майра 2002 шеран 8 декабрь кхаччалц команда туьйлира шен стадион тӀехь 24 матчехь тӀаьхьий-хьалхий. 2001 шеран январехь «Галатасарай» «Дуьненан уггаре дика футболан клуб» рейтинган коьртехь йара.
«Галатасарай» цӀе схьайаьлла Галатасарайн лицейх (йуьхьанцара цӀе «Галатан гӀалин Императоран ишкол»), ткъа историн агӀора хьаьжча кхоьллина шина дашах: Галата (Истмалан историн кӀошт) а, «сарай» («гӀала», туркойн маттара гочдича).
Клуб кхоьллина 1905 шарахь Галатасарайн лицейн коьртехь Ӏали Сами Ен волу дешархойн тобано. «Галатасарай» йу Туркойчоьнан уггаре ширачех цхьа футболан клуб.
Хьалхарчу хенахь «Галатасарай» дӀайазйина йацара кхоллам санна, хӀунда аьлча Туркойчохь дӀанисдина спортан законаш ца хилар бахьнехь. 1912 шарахь закон тӀеэцначул тӀаьхьа клуб йаха йолайелира законан бух тӀехь. «Галатасарай» дӀакхийтира истмалан лиге 1905/06 шеран чемпионатехь, ткъа 1907/08 шерашкахь туьйлира. 1952 шарахь цунах говзаллин клуб хилира. 1959 шарахь кхоллайелира марталлин туркойн лига, ткъа «Галатасарай» сихха коьртера команда хилира цунна йукъахь.
Уггаре бакхий кхиамаш баьхкира клубан 90-гӀа шераш чекхдовлуш. 2000 шарахь «Галатасарайс» Терим Фатихьа куьйгаллийца толам баьккхира УЕФА Кедехь, финалехь пенальташца лондонан «Арсенал» а иэшош, ткъа цул тӀаьхьа УЕФА Суперкад баьккхира мадридан «Реал» иэшийна. Иштта клуб хилира Европин ткрнирашкахь толам баьккхина дуьххьарлера туркойн команда.
Хаджи Георге «Галатасарайн» коьрта тренер дарже йуха вар аьтту болуш хилира: 2005 шарахь йаьккхира Туркойчоьнан Кад.
«Галатасарайн» чоьтехь 22 толам бу Туркойчоьнан чемпионатехь, тӀаьххьарниг царех баьккхина 2017/18 шерийн чемпионатехь.
Клубан ламастан духар — можа-цӀиен футболкаш, цӀиен шорташ а, пазаташ а. Ӏали Сами Ена харжира цӀиен-можа бос, цӀеран а, ницкъан а символ йу аьлла.
Луьра мостагӀа клубаш йу кхин Истмалан клубаш «Фенербахче» а, «Бешикташ» а.
2008 шарахь клуб рогӀехь мехкан чемпион хилла, амма йукъара дӀаваьлла 2 «дийна воллушехь туьйра хилларг»: Хьакан Шукюр левзина ваьлла, ткъа Бурук Окан шина шаранна контракт йаздина «Истанбул ББ» клубаца.
2010 шеран 21 октябрехь «Галатасарайн» йуха а коьрте хӀоьттира Георге Хаджи[2][3]. 2011 шеран мартехь «Галатасарайн» куьйгалло сацам бира Хаджи балхара дӀаваккха[4].
Шен исторехь уггаре а гӀуо шерал тӀаьхьа (8-гӀа меттиг 2010/2011 шарахь), «Галатасарайн» футболисташ берриг аьлча санна хийцабелира, техникин куьйгалле йуха веира Фатихь Терим, тӀаккха шолгӀачу шарахь клуб чемпион хилира.
2013 шеран Ӏай клуб йукъа веира Уэсли Снейдер а, Дидье Дрогба[5] а. 2012/2013 шарахь немцойн «Шальке-04» шина матчан 3:4 чоьтаца иэшийна «Галатасарай» Чемпионийн Лигин 1/4 финале кхечира[6].
«Галатасарайн» цӀера стадион йу керла шортта функцеш йолу «Тюрк Телеком Арена», иза лаьтта Истмала гӀалан Шишли кӀоштахь, Туркойчоь. Аренан чухоам 52 650 стаг.
«Ӏали Сами Ен» тӀиера дӀакхалхар Ӏалашо йолуш дара тишъелла стадион туркойн футболан хьашташца йогӀуш йолу керла ареница хийца.
2007 шеран 13 декабрехь правительствон хьаькмаша дакъа а лоцуш керла стадионан бух биллира. ГӀишлойаран мах бара €128 млн.
2008 шарахь Туркойчоьнан футболан федерацис сацам бира Футболах ловзарех Европин чемпионат 2016 шайн махкахь йан кехаташ чудала, тӀаьхьуо Европин чемпионат 2020 а.[7] Оцу сацамо хийцамаш бан безийтира стадионан проектехь, иза пайденна хилийтархьама Европин чемпионатан ахфиналан декъан матчашна УЕФАн стандарташца.
Стадионан цӀе яла бакъо йоьхкира 10 шаран йоккхачу телекоммуникацин Türk Telekom компанин $100,5 млн.
Даздарца дӀайиллира керла «Тюрк Телеком Арена» 2011 шеран 15 январехь доттагӀаллин матчца футболан клубашна «Галатасарайн» а, «Аяксан» а йукъахь. Матч чекхйелира 0:0 жамӀаца.[8] 1933 шарахь дуьйна клубан муьтӀахь болу хьовсархойн лаам кхочуш хилира 77 шо даьлча.[9]
«Галатасарайн» керла стадионера хьалхара официалан матч еира «Сивасспоран» дуьхьала, иза чекхйелира 1:0 хӀусамдайн толамца. Хьалхара гол керла аренехь туьйхира Туркойчоьнан гулйина командан турслочо Четин Сервета.[10]
2011 шеран 18 мартехь «Фенербахчен» дуьхьалчу матчехь хӀоттийра спортан аренашкара гӀовгӀан дуьненан рекорд децибелашкахь. Иза хилира 131.76 дБ, йукъайахара «Гиннессан рекордийн жайнан».[11][12]
Бос | Пантон | CMYK | Hex код |
---|---|---|---|
1235 | C%0 M%30 Y%100 K%0 | #FCB514 йа #FFB517 | |
201 | C%0 M%100 Y%65 K%34 | #A32638 йа #B50043 | |
Мур | Арахецнарг | Спонсор |
---|---|---|
1977-1978 | Дац | Volvo / PeReJa |
1978-1979 | Дац | |
1979-1982 | Telefunken | |
1982-1983 | MEBan | |
1983-1985 | Telefunken | |
1985-1986 | Adidas | Denizcilik Bankası |
1986-1991 | TürkBank | |
1991-1992 | Umbro | ADEC Saat / Show TV |
1992-1995 | Show TV | |
1995-1997 | Adidas | VakıfBank |
1997-1998 | Bank Ekspres | |
1998-2000 | Marshall Boya | |
2000-2001 | Telsim | |
2001-2002 | Lotto | Aria |
2002-2004 | Umbro | |
2004-2005 | Avea | |
2005-2009 | Adidas | |
2009-2011 | Turk Telekom | |
2011- | Nike |
Клуб хьахайо российн Сплин рок-тобан «Географин Ӏамола» эшарахь («Галатасарай кхана тоьлур йу Лондонехь!»), ткъа иштта российн кинофильмехь «Харжамийн де».
2011 шеран 18 мартехь Туркойчоьнан чемпионатан 26-гӀа туран ловзарехь «Галатасарайн» а, «Фенербахчен» а фанаш цхьаьна керла рекорд хӀоттийра гӀовгӀан тӀегӀанца спортан къовсамашкахь. Цара йаьккхира 131,76 децибел бараме кхочу гӀовгӀа.
И гайтам спортан къовсамашкара гӀовгӀан тӀегӀанца уггаре диканиг бу. Гиннессан рекордийн жайнан векалш дӀайаздира и фанатийн кхиам.
«Галатасарайн» долахь туьканийн маша бу (ерриг 88), Galatasaray Store, цара духку клубан сурсаташ Туркойчу, Германе, Къилбаседа Кипре. Туьканаш йу Истмалаехь (36), Анкарахь (6), Антальяхь (4), Измирехь (4), Коньяхь (3), Самсунехь (2), Аданехь (2), Бурсехь (2), Айдынехь (2), Бакохахь (1)[14][15].
Клубан йу букмекерийн контора, «GS Bilyoner»[16]; Страховой компани, «GS Sigorta HDI»[17][18]; Интернет-провайдеран компани «GSNET»[19][20] , туристийн агенталла, GSTRAVEL[21], туристийн агенталла, форекс компани «GSForex»[22][23], лахаран компани «GSYandex»[24][25].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.