![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/1/13/Victoriasee.jpg/640px-Victoriasee.jpg&w=640&q=50)
Виктори (Ӏам)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Викто́ри (Виктория-Ньянза, Укереве)[1] — Танзанин, Кенин, Угандин мехкашкара Малхбален Африкин Ӏам. Лаьтта Малхбален-Африкин платформин тектоникан чутаӀарехь, 1134 м.[4] хӀордан тӀегӀанал лакхахь. Майда — 68 эз. км², чухоам — 2760 км³[2]. Иза шен майданан барамца дуьненахь шолгӀа теза Ӏам бу (Лакхара Ӏомал тӀаьхьа). Уггаре дехачохь – 320 км, шшуьйрачехь – 274 км[5]. КӀоргаллин йуккъера барам – 40 м (уггаре кӀоргачехь 80 м)[3]. 1954 шарахь Оуэн-Фолс чӀинг йиначул тӀаьхьа Ӏомах хи лоттийла йина[6].
Ӏам | |
Виктори | |
---|---|
инг. Lake Victoria, Victoria Nyanza | |
![]() | |
Морфометри | |
Абсолютан локхалла | 1134[1] м |
Барамаш | 320[1] × 275[1] км |
Майда | 68 000[1] км² |
Чухоам | 2760[2] км³ |
Ӏоман йиста | сов 7000[1] км |
Уггаре доккха кӀоргалла | 80[1] м |
Йуккъера кӀоргалла | 40[3] м |
Гидрологи | |
Дарбане хиларан тайпа | теза[1] |
Дуьралла | 0 ‰ |
Бассейн | |
Ӏомах кхета хи | Кагера |
Ӏам чуьра схьадолу хи | КӀайн Нил |
Лаьтта меттиг | |
1° къ. ш. 33° м. д.HGЯO | |
Пачхьалкхаш | |
Регион | Кагера, Мванза, Мара, Ньянза, Малхбузен провинци, Малхбален область, Йуккъера регион |
![]() |
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/d/d8/Rift.svg/320px-Rift.svg.png)
Ӏам тӀехь дукха гӀайренаш йу, уггаре йоккханиг — Укереве. Ӏомах кхета шорта хи долу Кагера эрк, арадолу Виктори-Нил. Ӏам тӀехь даьржина чӀара лацар (100 сов кепара чӀара, дукха эндемикаш), кеманаш лела. Коьрта порташ — Мванза, Букоба (Танзани), Энтеббе, Джинджа (Уганда), Кисуму (Кени). Рубондо гӀайрен тӀехь (Танзани) — къоман парк[5] йу, Мабоко гӀайрен тӀехь (Кени) миоценан ӀаӀаршкахь карийна викториапитек тайпана мартышкан маймалан даьӀахкаш.
Ӏам кара а бина, цунна Паччахь-аьзни Викторин сийнна, цӀе тиллина британин новкъахочо Спик Джон Хеннинга 1858 шарахь.