Википеди
From Wikipedia, the free encyclopedia
Википе́ди (инг. Wikipedia, хеза [ˌwɪkɨˈpiːdiə] йа [ˌwɪkiˈpiːdiə]) — йукъара лело дуккха меттанийн универсалан маьрша контент йолу интермаша-энциклопеди[комм. 1], йина викин хьесапашна тӀехь.
Wikipedia Википеди | |
---|---|
URL: | www.wikipedia.org |
Са йаккхар: | Дац |
Мотт/меттанаш: | 328[1] |
Эхар: |
(статистика Рейтинг@Mail.ru) |
Сервер йолу меттиг: |
АЦШ: Ашберн, Сан-Франциско, Даллас, Карролтон, Чикаго; Нидерландаш: Амстердам |
Долахо: | Викимедиан фонд |
Автор: | Джимми Уэйлс[2] а, Ларри Сэнгер[3] а |
Болх болийна: | 2001 шеран 15 январехь[4] |
Карара статус: | Болх беш ю, кхуьуш ю |
Медиафайлаш Викилармехь |
Сайтан долахо — америкин коммерцин боцу кхоллам «Викимедиан фонд», цуьнан 37 регионийн вакилат йу. Энциклопедин цӀе схьайаьлла ингалсан дешнех wiki («вики»; шен рогӀехь тӀеэцна гавайн меттара, оцу маттахь цуьнан «сихха» маьӀна ду) а, encyclopedia («энциклопеди») а.
2001 шеран январехь Уэйлс Джиммис а, Сэнгер Ларриса дӀайиллина[5], Википеди хӀинца уггаре йоккха а, уггаре гӀарайаьлла а[6] Интермашера справочник йу[7][8][9]. Хаамийн а, тематика дӀалацаран а чухоамца Википеди лору йерриг адамаллин исторехь мацца а йиначех уггаре йуьзина энциклопеди[10][11]. Википедин коьртачех дикалла, универсалан энциклопеди хиларе терра лелочун лелочун ненан маттахь хаамаш схьаэца таро хилар йу[12].
2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].
2018 шарахь Википедехь дакъош ду 301 маттахь, кхин а 493 маттахь инкубаторехь. Цунна чохь бу 50 миллион сов[1] йаззам. Википедин интермаша-сайт 10 уггаре дукха дӀайоьлла дуьненан сайташна йукъахь йу[13].
Википедин коьрта башхалла йу, йаззам кхолла а цунна чохь хьанна а магар[комм. 2]. Шайн лаамхоша бина берриш хийцамаш сихха хьажа тарой у сайтан чубевллачарна. 2013 шеран декабрехь Википеди кхоьллинаУэйлс Джиммин Бор Нильсан Дешин мидалца совгӀат даран хьокъехь ЮНЕСКОс динчу дӀахьедарехь аьлла, иза йу «иза беккъа гӀирс хила ца Ӏа,иза вай дехачу муьран цхьаьнаболхбаран сийлалла, адаман интеллект а, Искандрин библиотекин» гулам а санна шира ойла кхочушйар[14][15].
Википедин тешамаллех а, нийсаллех а хеттарш хуьлу[16]. Википеди йемал йо харц йа теллина боцу хаамаш тӀетоха таро хиларна а, цуьнан агӀонаш тӀера вандализм [17] а бахьнехь. Амма Ӏилманан талламаша тешалла до, Википедехь вандализман ларраш сихха дӀайоху[18][19].
Оьрсийн маттара Википедин декъехь, 2024 шеран 17 майхь, бу тайп-тайпана тематикин 1 979 726 йаззам, лаьтта 7-гӀа меттигехь дерриг меттанийн дакъошна йукъахь йаззамийн барамца.