From Wikipedia, the free encyclopedia
Ботаника (ширачу желтойн маттахь βοτανικός - «ораматашца доьзнарг» бохург ду, βοτάνη дашах кхолладелла, цуьнан маьӀна «буц а, орамат а» ду) — ораматаш толлуш Ӏилма а, биологин дакъа а ду[1].
Ботаника Ӏилма санна дӀахӀоьттина XVII—XVIII бӀешерашкахь. Дуьххьарлерачу стеган ораматийн дуьненах лаьцна дукха хаьаш дара, хӀунда аьлча цуьнан дахар доьзна дара пайде а, яа мегар долчу а, дарбанан а, дӀаьвше а ораматашца[2].
Ораматийн дуьненах лаьцна хьалхара жайнаш йаздина желтойн а, кхиболу Ӏаламхоша а. Ораматаш Ӏаламан дакъа хилар толлуш, антични заманан философаш церан маьӀна билгалдаккха а, уьш системе дало а гӀертара. Аристотелал хьалха хилла талламхоша Ӏамайора ораматийн дарбанан а, мехала а башхаллаш. Аристотелс (вайн эрил хьалха 384—322 шш.) «Дийнатийн истори» (лат. Historia Animalium) цӀе йолчу пхиолгӀачу жайнехь хьахира шен «Ораматийн Ӏилма». Оцу Ӏилманан цхьацца декъаш бен ца дисина. Немцойн ботаникин говзанча волу Виммер Фридрихо и декъаш гулдира, йуха 1838-чу шарахь зорбане туьйхира уьш. Шен жайнехь Аристотелс къобалдора Ӏаламехь ши дуьне хилар: чохь са доцу а, дийна Ӏалам а. Ораматаш чохь са долу хӀуманаш санна лорура цо. Аристотелс дийцарехь, дийнатийн а, адаман а синца дуьстича ораматийн сийнан тӀегӀа уггар лахара ду. Ораматийн а, дийнатийн а Ӏаламехь йукъара башхаллаш хилар билгалдора Аристотелс. Масала, цо йаздора цхьаболу хӀордан бахархой дийнаташ йу йа ораматаш йу билгалдакхха хала хилар[3].
Аристотелс Ӏамина волу Теофраст (вайн эрил хьалха 371—286 шераш) «ботаникан да» ву олу.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.