Бе́цанмеъ[1] (лат. Crex crex) — пастушкови доьзалера жима олхазар. Бен бо тӀуьна лекхабецийн байн тӀехь, йуькъа коьллаш йевлла уьшалаш тӀехь, дӀадийна оханаш тӀехь, Евразин барамера шораллашкара кхин йиллина ландшафташкахь. Ах сов популяци деба Россин мехкахь[2]. Кхелха олхазар, Ӏа доккху Африкехь, коьртаниг континентан къилба-малхбален декъера коьллийн а, бецийн а саваннашкахь.
Доца факташ Бецанмеъ, Ӏилманан классификаци ...
ДӀачӀагӀа
Барамашца дусталур ду шоршалца йа лекъца, дегӀаца тера ду котаман меах. Дахар лечкъина ду, лекха буц йукъара ара ца долу ала мегар ду. ТӀема ца лууш а, цадаьлла а бен ца лела, амма кхелхачу заманахь атта эзарнаш километраш дӀадоьду, хӀурд тӀехула а, гӀум-аренан тӀехула а. Бецанмеъ бен болчу декъехь хилар дика гойту боьршачо мохь тоьхча, мох боцучу хенахь и мохь хеза 1,5 км генара. Олхазараш мохь бетта майхь а, аьхкенан хьалхарчу декъехь а, йисинчу хенахь гӀовгӀа ца йо, Ӏаьнан Ӏойлехь муххале а.
Йуу сагалматаш, гезгаш, моллюскаш, наггахь кегийра пхьидарчий а, декха дийнаташ а, кхин а хӀуш, тайп-тайпана бецийн баьццара дакъош, кенаш, царна йукъахь культурин ораматаш а. Деба шарахь цкъа-шозза, бен бо кӀаг чохь, дукха хьолехь коллин йа лекха баьрзан ӀиндагӀехь, наггахь кертан йа терачу гӀишлонан ӀиндагӀехь. Тевнахь 5—14 кӀаййо-цӀен-можа йа баьццаро бесара хӀоа, тӀехула цӀен-боьмаша йа шекъан басара тӀеданаш хуьлу. КӀорнеш дохуш боьршачо дакъа ца лоцу.
Европехь XIX—XX бӀешерашкахь билгалдаьккхина хаъал барам лагӀбалар, иза доьзна ду цхьаьна агӀор докъар керла механикин хьесапца кечдар, вукха агӀор ландшафташ адамо хийцарца. Цхьа могӀа мехкашкахь барам охьабаьлла бохаман тӀегӀане кхаччалц, и кеп хӀоттийна хӀаллакхиларан дозане. Дуьненайукъара ЦӀен жайно йехачу заманахь бецанмеэ хьожура экаме йа цунна гергара кепе санна, амма Малхбален Европера а, Россера а олхазаран барамех лаьцна керла хаамаша гайтира, олхазарийн хьал, хьалха хетачулла, гӀоле хилар. Европера барам цхьаццанхьа метахӀоттар доьзна хьакхаран технологи хийцарца, хьалха хӀаллакдора тевнаш. Тахана кепан статус дика хилар къобал дина.
Бецанмеан жижиган чам дика бу, цу тӀе жӀаьлица цунна таллар хала ду олхазар леларан амал бахьнехь. Коьртаниг бецанмеан толу кхечу месаш йолчу ижуца цхьаьна.