From Wikipedia, the free encyclopedia
Бердиер (инфантицид) — хаа а хууш беран садаккхар[1][2]. Бердиерна йукъадогӀу динчул тӀаьхьа нанас бер диер (неонатицид)[2]. Россехь РФ Зуламан кодексан 106 йаззамца бердеш йа динчул тӀаьхьа керла дина бердиерна зударшна таӀзар до 2-4 шо набахтица, йа нуьцкъала белхаш бойту 5 шарахь, маьрша а ца йуьту оццу хенахь.
Берашдайар шуьйра леладора дукхаха йолчу ширачу оьздангаллашкахь берашдар нисдаран гӀирс санна. Систематикин инфантицидан уггаре хьалхара масалаш ду тӀулган бӀешерера. Америкин антрополога Бёрдселл Джозефа маххадорца, дерриг динчу берех бердиеран процент неолитан муьрехь хилла 15 % тӀера 50 % кхаччалц[3]. Оццу хенахь дуьххьара хоржий дойуш хилла зудабераш: талламхоша маххадорца, палеолитан муьрехь дойура 50 % гергга керла дина зудабераш[4]. Дукха хьолехь бераш дуьтура адамаш доцучу меттигехь, уьш лара мацалла гӀеллой а, гипотермех а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.