![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/7/7b/Assorted_bread.jpg/640px-Assorted_bread.jpg&w=640&q=50)
Бепиг
From Wikipedia, the free encyclopedia
Бепиг — бепиган сурсат, до совсоргца кӀадбина бод боттий (лаьтта лаххара а демех а, хих а)[2].
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/6/65/French_bread_DSC09293.jpg/640px-French_bread_DSC09293.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/9a/Breads_and_rolls.jpg/640px-Breads_and_rolls.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/0/01/Bread_Sticks_With_Sesame.jpg/640px-Bread_Sticks_With_Sesame.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/4/45/Strucla_sweet_bread02.jpg/640px-Strucla_sweet_bread02.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/3/3e/%D0%A2%D0%BE%D1%80%D0%B3%D0%BE%D0%B2%D0%BB%D1%8F_%D1%85%D0%BB%D0%B5%D0%B1%D0%BE%D0%BC_%D0%B2_%D0%9E%D1%88%D0%B5.jpg/640px-%D0%A2%D0%BE%D1%80%D0%B3%D0%BE%D0%B2%D0%BB%D1%8F_%D1%85%D0%BB%D0%B5%D0%B1%D0%BE%D0%BC_%D0%B2_%D0%9E%D1%88%D0%B5.jpg)
Российн ГОСТца, бепиг лору бепиган сурсат 500 г сов деза далахь тӀуналла 19 % сов йелахь (ГОСТ 32677-2014 терминологица[3]). «Бепиг» дукха хьолехь олу йуьртабахаман культурех (кӀех, сосах, мекхах, кхин долчех а), кхин а оцу культурийн шех дама доккху буьртигах а (хьажа буьртиган культураш)[4]. Бепиг деш леладо кӀен йа сосан дама, наггахь леладо мекхан дама, сискал йеш леладо ахьар. Цхьацца тайпана бепигаш деш туху ахьар, чамбийриш — масала, цицанан хуш, бӀараш, кишмиш, саьрамсекх, туьрк, кунжутан, петӀамат-зезаган хӀуш. Буьртигашца бепиг хаздо. Бепиг деккъа дуу, кхин а дуу налхица, арахисан йа маьлха хӀун даьттанца, вареница, маргаринца, повидалца, джемаца, желеца, мармеладца, мозца, ма-дарра аьлча иза, цӀе бутерброд йолу даар ду. Бепиг леладо сэндвичан бух санна. Иза детина йа цӀедина (масала, тостер чохь), хьалха дуьллу доза доцуш, чуьра температурица йа довха. Цхьацца оьздангаллашкахь — масала, Эфиопехь (ынджера) — бепиг леладо хӀумайуу гӀирсаш санна. ДӀахьарчийна доцу бепиг латтадо бепиг чудуьллучу пхьегӀанахь, иза ца талхийта. Дегара-ненера дӀалуш цамгар йу — целиаки — иза хилча бепиг даа ца мега, цунна йукъахь долу глютен бахьнехь. Цомгашчо валлалц диета лело йеза глютен ца йууш.