Белоглински (ГӀебартойн-Балкхаройчоь)

From Wikipedia, the free encyclopedia

Белоглински (ГӀебартойн-Балкхаройчоь)map

Белоглински (оьрс. Белоглинское) — Российн Федерацин ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштара эвла.

Доца факташ Белоглински, Пачхьалкх ...
Эвла
Белоглински
оьрс. Белоглинское, гӀебарт.-чергаз. Белоглинкэ
43°27′23″ къ. ш. 44°12′47″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика ГӀебартойн-Балкхаройчоь
Муниципалан кӀошт Теркан
Йуьртан меттиг Белоглински
Истори а, географи а
Йиллина 1924 шарахь
Хьалхара цӀерш 1930 шо кхачале Жима Абаево (Абей къуажэ цIыкIу)
Майда 7,75 км²
Центран локхалла 277 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 412[1] стаг (2016)
Луьсталла 53,68 стаг/км²
Къаьмнийн хӀоттам гӀебартой
Динан хӀоттам бусалба-суннийш
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +7 86632
Поштан индекс 361 224
Автомобилан код 07
Код ОКАТО 83235000004
Код ОКТМО 83635408101
Номер в ГКГН 0146551
Картин тӀехь
Thumb
Белоглински
Thumb
Белоглински
ДӀачӀагӀа

Юкъахь ша цхьа эвла йолу муниципалан кхоллам йуьртан меттиг Белоглински.[2]

Географи

Эвла лаьтта Теркан кӀоштан къилба декъехь, кӀоштан центр йолчу Терк гӀалан 9 км къилба-малхбалехьа, Нальчик гӀалан 65 км малхбалехьа.

Йуьртан меттиган мехкан майда ю — 7,75 км2. Царех оханаш а, дожийлаш а 6,89 км2.

Дозанаш ду эвланийн латтанашца: Дейски малхбузехь, Лакха Акбаш малхбалехь, Плановски къилба-малхбузехь.

Эвла лаьтта таьӀна ГӀебартойн акъарин тӀехь, иза ю республикин ломан кӀажошкара аренийн зоне волу меттиг. Юккъера локхаллаш эвлахь 277 метр хӀордан тӀегӀанал лакхьахь. Меттиган рельеф ю коьртаниг таьӀна тулгӀенийн аре, дустаман локхаллаш цӀеххьана хийцалуш а йоцуш.

Гидрографин маша коьртаниг гайтина Чёрни речка цӀе йолчу эрко, иза чекхдолу эвлан малхбален йисттехула, Белоглински татоло а малхбуза йисттехула доьдуш долчу.

Климат

Климат бараме тӀуьна йовха аьхке а, шийла Ӏа а долуш. Шеран хӀаваан юккъера температура хуьлу +10,5°С, техка юккъерачех +22,5°С июлехь, -2,0°С январехь. Минимум температураш Ӏай наггахь охьайолу -10°С лаха, аьхка максимум температураш кхочу +35°С. Шеран юккъера йочанийн барам 650 мм гергга хуьлу. Йочананийн коьрта дакъа догӀу апрелера июне кхаччалц. Коьрта мехаш — малхбален а, къилбаседа-малхбузан а.

Истори

Эвлан историн чот йоьду 1924 шеран 14 мартехь дуьйна, оцу хенахь Урожайнера арабелира 40 доьзал керлачу меттиге баха ховша. Шайн эвлан хьомара, керлачу эвлана охьаховшучара цӀе тиллира — Жима Абаево.

Бахархойн дукхалла

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...
Бахархойн дукхалла
2002[3]2009[4]2010[5]2012[6]2013[7]2014[8]2015[9]
432412414414416415416
2016[1]
412
ДӀачӀагӀа

Сахьтан аса

Thumb

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Билгалдахарш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.