БархӀбӀаьрг[1], дӀаьвше гезг[2] (лат. Lycosa) — Гезгаш-берзлой доьзалера тайпа. Уьш йаккхий (2 тӀера 10 см кхаччалц) дӀевше аранеоморфан гезгаш.
Дехар «БархӀбӀаьрг» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Доца факташ БархӀбӀаьрг, Ӏилманан классификаци ...
БархӀбӀаьрг |
---|
|
Бухара тоба: | Opisthothelae |
|
Lycosa Latreille, 1804 |
|
ДӀачӀагӀа
БархӀбӀаьрг йеха йекъачу кӀошташкахь — бай-аренашкахь, гӀум-аренашкахь. Дийнахь къайлайовлу охьанехьа долу дохалла 60 см кхочу Ӏуьргаш чохь. Буса арайовлий, жигара лела латан тӀехула, толу сагалматашна тӀаьхьа. Толлуш машанаш цара ца дуцу, уьш лелабо Ӏуьрган пенаш къовлуш а, хӀоьаш даха гоьжанна а.
Оцу тайпана гезгашна дика хьожа а кхета, дика СА а го. ДегӀан лакхарчу декъехь 8 бӀаьрг бу, царех беаммо нийса аса йо, ткъа дисинарш (даккхий долу) лаьтта трапецин кепара. Сагаран меженаш иштта хиларна бархӀбӀаьрган гуо баьккхина са го.
БархӀбӀаьргийн когашкахь, кхечу гезгийн санна, ког сатторан оьзгаш йу, нисбо гемолимфин Ӏаткъамца. Цундела лазийна гезг буьйда, экаме хуьлу. Йеха 5-20 шарахь, амма хаа 43 шарахь йаьхна меттигаш а[3].