Балтикин хӀорд
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ба́лтикин хӀорд (пол. Morze Bałtyckie, нем. Ostsee, л.-нем. Oostsee, швед. Östersjön, дат. Østersøen, фин. Itämeri, эстон. Läänemeri, латыш. Baltijas jūra, лит. Baltijos jūra) — Еврази материкан чоьхьара хӀорд, лаьтта Къилбаседа Европехь (кӀеззиг лоцу Малхбуза а, Малхбале а Европин бердаш). Атлантикин океанан бассейн йукъара бу.
Балтикин хӀорд | |
---|---|
Амалш | |
Майда | 419 эзар. км² |
ХӀордан йистан йохалла | 8 эзар герга. км |
Дуккха кӀоргалла | 470 м |
Юккъера кӀоргалла | 51 м |
Лаьтта меттиг | |
58°37′00″ къ. ш. 20°25′00″ м. д.HGЯO | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Балтика хӀордан къилбаседа йисттера меттиг йу Къилбаседа полюсан гуонан гергахь (65°40' къ.-с. ш.) гергахь, къилба йисттера — Висмар гӀалин гергахь (53°45' къ.-с. ш.).
Малхбузен йист лаьтта Фленсбурган кӀоштахь (9°10' м-бале д.), малхбален йистт — Петарбухан кӀоштахь (30°15' м-бале д.)
ХӀордан майда (гӀайренаш а доцуш) — 415 эз. км². Хин чухоам — 21,5 эз. км³. Чукхета эркаш алсама хиларна хин лахара дуралла йу. Иштта башхалла йолу хӀордех уггаре боккхачех бу[1].