From Wikipedia, the free encyclopedia
Ба́лташ (балтийн къаьмнаш) — балтийн меттанаш дуьйцу къаьмнийн тоба[1]. СхьабогӀа Йуккъера а, Малхбалин а Европин шуьйрачу мехкашкахь борзанан бӀешарахь даьржина тӀергийн кхийранан оьздангаллера[2][3][4][5]. Деира латталелор а, Перунан дин а[6][7]. Таханлера балтийн къаьмнашна йукъабогӀу латышаш а, литвахой[8]. Ший а къам ду малхбален-балтийн къаьмнаш олучех. Малхбален-балтийн къаьмнаш, царех бара, масала, пруссаш, хӀинцале дайна. Хьалха, Литван а, Латвин а хӀокху заманан мехкаш доцурш, балташ бехара Белоруссин, Польшин (Сувалки, къилба Пруссин), Российн (Калининградан область, цхьа дакъа Москохан, Калугин, Смоленскан, Брянскан, кхин а цхьацца гергахь лаьттачу областашкахь)[9].
ХӀара йаззам йа дакъа йухадан оьшу. |
Балтикин хӀордан къилба-малхбален агӀор дехп тайпанаш дуьххьара тептаршкахь хьахийна, Пифейн «Ӏапказах лаьцна» жайнахь (вайн эрал 325 шо хьалха). Цигахь цуо дуьйцу янтарь даккхар. Вайн эран 98 шарахь Свебан (Балтикин) хӀордан тӀехь, Германин малхбалехь деха эстийн (лат. aestiorum gentes) тайпанийн Ӏар-дахар гойту «Германхой схьабовларх а, Германи лаьтта меттигех а лаьцна» цӀе йолчу, руман историкан Публий Корнелий Тацитан жайнахь. Геродота хьахадо Донан лакхенашкахь Ийдалан а, Днепран а йукъахь деха будинаш олу къам. ТӀаьхьуо иайсигӀеран тайпанаш тайп-тайпана цӀерашца дуьйцу руман-остготийн историко Кассиодора (523 шо), готийн историко Урдана (552 шо), ингалссаксонийн новкъахочо Хедебюра Вульфстана (900 шо), къилбаседагерманин хрониста архиепископа Бременан Адама (1075 шо) шайн сочиненешкахь.
Балтикин хӀордан къилба-малхбален мехкашна гергахь даьхна шира тайпанийн хӀинцалера цӀераш, — балташ (нем. Balten) а, балтийн меттанаш (нем. baltische Sprache) а — Ӏилманан терминаш санна кховдийра 1845 шарахь немцойн мотт бевза Кёнигсбергера университетан профессоро Нессельман Георга (1811—1881), летто-литвахой терминан меттана. ЦӀе кхоьллина Mare Balticum (кӀайн хӀорд) аналогца[10].
Балтийн ареал йаьржира Вислин а, Нареван а майданашкара малхбузехь, Березинин, Сожан, Къилба Буган къилбехьа Ильмень Ӏоман майдане кхаччалц[11], Тверан областе кхаччалц къилбаседехьа. Малхбалехь балташ беха мохк бара таханлера Белоруссин Витебскан а, Могилевн а областаш, Российн Пскован, Смоленскан (тушемлинан оьздангалла), Брянскан, Курскан, Орелан областаш (колочинан оьздангалла). Кхин а исторехь йаздина ду малхбузен-балтийн тайпанаш голядь Окан лакхенашкахь, Калугин, Орелан, Тулин, Москохан областашкахь дахар (Москохэркан гӀаланийн оьздангалла).
I эзаршеран чаккхенгара дуьйна болабелира балтех славянаш баран болх. Йозанан тешаллаш ду XVI бӀешеран йуьххьехь таханлера Белоруссин малхбузен декъера цхьацца бахархоша малхбузен-балтийн меттанаш дуьйцуш хиларан. II эзаршеран йуккъехь, Тевтонийн ордено (пруссаш) дӀалаьцна мехкашкахь беха малхбузен балтех, жигара германхой бан болийра.
Вайн эрал хьалхара IV—III бешерашкахь къаста буьйлабелира малхбузен а (пруссаш, курши, галиндаш, ятвягаш, голядь, полексянаш), малхбален (земгалаш, селаш, латгалаш, жемайташ, литва) а балташ, цу тӀе этногенезан масех концепции йу, царех цхьаьнца малхбузен балташ ятвягаш белорусийн дайх цхьаъ бу[12], ткъа голядь (галиндаш) — Йуккъера Российн дайх цхьаъ бу[13]. Малхбузен балтийн дакъа — пруссаш, ятвягаш — полякийн дайх цхьаъ бу; малхбален балташ литвахой — шеш литваш (аукштайташ а, жемайташ а) а, кӀеззиг курши, скаловаш, надроваш, ятвягаш (дайнаваш а, судуваш), къилба земгалаш, къилба селаш — литвахойн дай бу, ткъа латгалаш, къилбаседа курши, къилбаседа земгалаш, къилбаседа селаш, угрофиннийн тайпа ливаш латышийн дай бу. VI—VIII бӀешарахь бекъало литвахойн этногенезехь дакъа лаьцна малхбален балташ, цхьаьна агӀор, таханлера латышийн дай хилла, вукха агӀор.
Балтийн тайпанийн дакъа хӀаллакдира немцойн къонахойн орденан экспанси йолуш (германин тӀемлойн сийлалла— Пруссин цӀе кхечира немцоша хӀаллакдина а, ассимиляци йина а балтийн къомах пруссех), цхьаьна декъана ассимиляци хилира XVI бӀешеран чаккхенгахь — XVII бӀешеран йуккъехь йа дӀаийра хӀокху замананкъаьмнийн этногенез йолуш (масала, ятвягаш полякийн этногенезехь).
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.