Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980
From Wikipedia, the free encyclopedia
1980 шеран XXII Аьхкенан Олимпийн ловзарш (официалан цӀе — XXII Олимпиа́дин ловзарш) дӀадаьхьира Москохахь, ССРС коьрта шахьрахь, 1980 шеран 19 июлера[2] 3 август кхаччалц[3]. Уьш исторехь дуьххьарлера Олимпийн ловзарш дара Малхбален Европехь, кхин а социалистийн махкахь дӀадаьхьна дуьххьарлера Олимпийн ловзарш.
XXII аьхкенан Олимпийн ловзарш | |
---|---|
Шахьар-дӀахьуриг | Москох, ССРС |
Мехкаш-декъашхой | 80[1] |
Къовсу мидалш | 203 комплект 21 спортан тайпанехь |
ДӀайелларан церемони | 1980 шеран 19 июлехь |
ДӀакъовларан церемони | 1980 шеран 3 августехь |
Олимпийн цӀе | Белов Сергей |
Стадион | Йуккъера В. И. Ленинан цӀарах стадион |
Сайт | olympics.com/en/o…(ингалс.) |
← 1976 1984 → | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Олимпиадин-1980 къийсамийн цхьа дакъа дӀадаьхьира Советийн Союзан кхечу шахьаршкахь, масала: гатанан регата хилира Таллинехь (ЭССР); хьалхара ловзарш а, футболан турниран чийрифиналаш хилира Киевхь (УССР), Ленинградехь (РСФСР), Минскехь (БССР); дӀандаргийн герз тохаран къийсамаш хилира герз тохар къовсаран меттигехь «Динамохь» Москохан бухарчу Мытищехь (РСФСР).
Ловзарш гӀарадевлла кхин а, 60 сов мехко Олимпиадин байкот йарна 1979 шарахь советийн эскар ОвхӀанан тӀелата бахьнехь[4][5][6]. Ловзаршна бойкот йинчу мехкашкара цхьаболу спортхой Москоха баьхкира, дакъа а лецира Олимпийн байракх кӀелахь[7]. Цул хьалхара бойкот йира 29 африкин мехко Монреалан Олимпиадин-76в, цул тӀаьхьара бойкот йира Советийн Союзо а, кхин 13 мехко а 1984 шеран Лос-Анджелесера аьхкенан Олимпийн ловзарш[8].