From Wikipedia, the free encyclopedia
А́ьхке — Шеран заманах бӀаьстенан а, гуьйренан юккъера зама, амалехь ю гуонахьарачу хьолан уггаре лакхара температура.
Лаьтта кхаа баттахь: къилбаседа эхигехь — июнехь, июлехь, августехь, Къилба эхигехь — декабрехь, январехь, февралехь.
Дуьнен тӀиера заманан хийцамаш боьзна бу планета Мелхан гуонаха шеран хьовзаран мурца а, орбитан экъане хьаьжна хьовзаран семан таӀарца[1]. Астрономин хьолера хьаьжча, Къилбаседа эхигехь астрономин аьхке — июнан малх цӀа кхачаран а, сентябрехь де-буьйса нисдаларан йукъара мур бу — лаьтта 21 (20) июнера 23 (22) сентябрь кхаччалц. Къилба эхигехь астрономин аьхке хуьлу — декабрехь малх цӀа кхачаран а, мартехь де-буьйса нисдаларан а юккъера муьрехь — лаьтта 21 (22) декабрера 20 (21) март кхаччалц[2].
Тайп-тайпанчу географин асанашкахь Мелхо цхьабосса Дуьне серла ца даккхарна аьхкенан зама къаьста Ӏаьнан заманах тайп-тайпанчу тӀегӀанца. Шораллица тӀекхета дийнан дохалла Ӏай а, бӀаьста а, уггаре деха хуьлу полюсашкахь (хьажа Полюсан де), цигахь Малх чу ца бузу 6 баттахь.
ГидрометеогӀуллакхо лору, аьхкенан мур болабалар де-буьйсанан юккъера хӀаваан температураш Цельсин +15 градусал сов яьлчи, ткъа чекхйолу — 15 градусал охьаяла йолаелчи[3][4]. Иштта аьхке тӀекхачаран хаъал хьесап лору Ӏаьнан гӀоролаш совцар, ткъа аьхке дӀаялар, гуьйре тӀекхачар лору гуттаренна а гӀуоролаш юхаерзар.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.