![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/96/Naqsh_i_Rustam._Investiture_d%2527Ardashir_1.jpg/640px-Naqsh_i_Rustam._Investiture_d%2527Ardashir_1.jpg&w=640&q=50)
Ахура Мазда
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ахура ма́зда[1] (кхин а Аху́ра-Ма́зда авест. ahura-mazdā, гуьрж. არმაზი, шир.-гӀажар. ahuramazdā, эрм. Արամազդ, Aramazd, монг. ᠬᠤᠷᠮᠤᠰᠲᠠ, Хурмаст), Орма́зд йа Орму́зд (пехл. ʾwhrmzd'), «Хьекъале Дела» — авестийн делаллин цӀе, иза пайхамара Зороастрас — зороастризм кхоьллинчо — кхайкхийна цхьаъ бен воцу дела. Авестехь Ахура Мазда — йуьхьиг йоцу кхуллург, ву чеккхе йоцучу серлонгахь[2], создатель всех вещей[3], дерриг диканиг луш ву[4], дерриг хууш ву[5] дуьне хӀоттийнарг а, паччахь а ву, зороастрахойн лераман лакхара объект. Зороастрахоша шайх олу авестийн маттахь mazdayasna, аьлча а Маздан леерам бийриш. Ахура Мазда да ву Ашан (бакъонан), аьлча а дуьне кхиаран законан, ларвеш ву бакъ стаг, дикачу гӀуллакхийн, харцоца, зуламца, шен лаамехь боцу дуьненан бохамашца дов латточу ницкъийн корта бу. ТӀаьхьарчу дахаран хийцамашкахь (Фрашкардехь) цуо ерриг дикачу хӀумнашца цхьаьна, дуьне чеккхенца цӀандийр ду.
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/9/96/Naqsh_i_Rustam._Investiture_d%27Ardashir_1.jpg/640px-Naqsh_i_Rustam._Investiture_d%27Ardashir_1.jpg)