From Wikipedia, the free encyclopedia
Ахматова Анна Андреевна (йоӀ йолуш Горенко хилла Ахматова) — оьрсийн литературехь Дато оьмар олучу муьран поэтесса а, гочдархо а, литературхо а йу. XX-чу бӀешеран оьрсийн литературехь цуьнан кхолларалло доккха дакъа дӀалоцу. 1965-чу, 1966-чу шерашкахь Нобелан литературин совгӀат дала хьалхатеттира иза.
Ахматова Анна | |
---|---|
оьрс. Анна Андреевна Ахматова | |
Бакъ цӀе | оьрс. Анна Андреевна Горенко |
ГӀуллакхан тайпа | йаздархо а, гочдархо а, литературхо а, критик а, поэтесса а |
Йина терахь | 1889 шеран 11 (23) июнь[1][2][…] |
Йина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1966 шеран 5 март[3][2][…] (76 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Да | Горенко, Андрей Антонович |
Нана | Инна Эразмовна Стогова |
Ахматова Анна Викилармехь |
Пачхьалкхан меженаш таӀзарш дина цуьнан гергарчу нахан: вовшашца дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа 1921-чу шарахь тоьпаш а йиттина вийра цуьнан хьалхара цӀийнда Гумилёв Николай. Кхузза лецира цуьнан кхоалгӀа майра Пунин Николай, 1953-чу шарахь лагерехь велира иза. Церан цхьаъ бен воцу кӀант Гумилёв Лев XX-чу бӀешеран 30-50-чу шерашкахь чувоьллина итт шо даьккхира.
«Къоман мостагӀий» бу аьлла нехан зударийн а, нанойн а гӀайгӀа гайтина цо шен «Реквием» цӀе йолу поэмехь. Иза цуьнан мехала йозанех цхьаъ ду.
Оьрсийн поэзин классик йара Ахматова. Ӏедало цуьнан кхолларалла тӀехь цензура латтийра. Цуьнан дукхах долу йозанаш Советийн Бертахь зорба ца тухура. Цул сов, кхелхинчул тӀаьхьа кхиъ ткъа шарахь ца магадора уьш зорба тоха. Делахь а, Ахматова даима лоруш йара шен даймахкахь а, дозанал арахьа а.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.