From Wikipedia, the free encyclopedia
Астроно́ми — стигл Ӏалам толлуш долу Ӏилма. Астрономис толлу стиглара хӀуманийн а, царех хӀотталуш йолу системийн а дӀанисдалар, лелар, хӀоттам, схьадалар а.
Масала, астраномис толла Малх а, кхидолу седарчий а, Малхан системин планеташ а, цера спутникаш а, кхоьчу седарчийн системашкахь йолу планеташ а (экзопланеташ), астероидаш, кометаш, метеориташ, планеташна йуккъера хӀума а, седарчашна йуккехь йолу хӀума а, пульсараш, Ӏаьржа Ӏуьргаш, тачанаш, галактикаш, галактикийн гуламаш, квазараш, и. к. д.
Астрономи йолу дукха хан йу. Хьалха хилла культураш шайн тӀаьхьа йитина дукха астрономица йоьзна артефакташ, масала Шира Египтан монументаш а, Стоунхендж а. Вавилонцаш а, грекаш а, китайцаш а, индийцаш а, майяс а буьйсана стигалан терго йора. Телескоп йкъайаьлча астрономин кхиар чӀогӀа сихъелира. Астрономин йукъайогӀура астрометри, седарчашца навигаци, тидаме астрономи, календарьш кхоллар, астрологи.
XX бӀешарах астрономи шина декъа йекъайелира: тидаме а, теорин а. Тидаме астрономи йу стигалан хӀуманах лаьцна тидаме хаамаш гулдар. Теорин астрономис астрономин хӀуманашна а, хиларшна а компьютеран а, математиан а, анализан а моделаш хӀоттайо. Оцу шина дакъас вовше тӀедуза: тидаме астрономис хаамаш гулдо, теорин астрономис оцу хаамашна бахьанаш лоьху.
2009 шо ООНс кхайкхина астрономин шо. Астрономи йу кӀеззига йисина Ӏилманах цхьаъ астрономин дезараш доккха дакъа лоцуш.
«Астроно́ми» (шир.-желт. ἀστρονομία) дош Грецера даьлла. Иза хӀотталуш ду шина Шира Желтойчоьнан дашах ἀστήρ, ἄστρον (астер, астрон), «седа»; νόμος (номос), «закон».
.
Таханлера астрономи хӀотталуш йу масийтта вовшашца уьйр йолу декъах. Коьрта астрономин дакъош ду:
Оцу кхаа дакъанас кхочуш йо астрономин хьалхара Ӏалашо (стиглан хӀуманийн леларан таллар). Царех олу классикан астрономи.
Цхаьдолу астрофизикин дакъош къасталаш ду шайн белхан некъашца.
Оцу шина дакъашкахь толлу шозлугӀа астрономин Ӏалашо.
Оцу стигала хӀуманашах гулбина хаамаш тӀехь тӀаьххьара шина астраномин дакъанаш толлу астрономин кхозлугӀа Ӏалашо: стигалана хӀуманийн кхолларалла а, кхиар а.
ХХ бӀешарахь кхоллаелла археоастрономи. Цо толлу хьалха дуьненахь Ӏийна болу неха астрономех лаьцна хилла хаамаш. И хаамаш маца хоттайелла хиъча йиш йу шира исторехь хилла гӀишлонаш маца йина хаа.
Седарчий а, цера кхиар а таллар боккха маьӀан долуш ду Ӏаламах кхетаран. Астрономаш толлу седарчий тидаманца а, теорин моделашца а. Тахана оцу талламан некъашна тӀекхаьтта компьютеран моделаш хӀоттайар.
Седарчийн кхолларалла доьду газан а, ченан а тачанашкахь. Тачан дукъа дакъош Ӏовдало гравитацин бахьнехь. Ӏовдалуш хенахь уьш йохло. Йовхо тоалла сов йаьлча цуьна ядрохь термоядеран реакци йолало — цунах седа хуьлу[1].
Массо а химин элементаш, водород а, гелий а йоцурш кхоллало седарчашкахь.
Астрономин коьрта Ӏалашонаш йу:
И Ӏалашонаш кхочуш йан оьшу эвсара талламан практикан а, теорин а некъаш. Хьалхара Ӏалашо кхочуш йо беха, шира хенахь болабелла тидамашца а, 300 шо хьалха хиъан стиглан механикин законашца а. Цундела оцу астрономин дакъехь дукха хӀумнаш хууш ду, къаьстина Дуьненна уллехь долу стигалан хӀманашахь лаьцна: Бутт а, Малх а, планеташ а, астероидаш а.
ШозлагӀа Ӏалашо кхочуш йар йиш хили спектран анализ а, фотографи а йукъайалча. Стигалан хӀуманийн физикин билгалонаш таллар доладелла XIX бӀешеран шозлагӀа ахехь, коьрта проблемийн таллар таьххьара шерашкахь бен ца доладелла.
КхозлагӀа Ӏалашо кхочуш йн оьшу тидаман хаамаш гулда. Таханлера динахь болу хаамаш тоьуш бац стигалан хӀуманийн кхолларах а, кхиарах а кхета. Цундела цкъачунна оцу агӀонехь гипотезаш бен йац.
ЙоьалгӀа Ӏалашо кхочуш йан йолуш йолу физикин теориш тоьаш йац. Цундела кхолла йезаш йу керла теори. Оцу теорис гайта йеза уггара лакхар йовхалла а, таӀам а, луьсталла а йолуш хенахь хӀуманийн лелар.
Дукха зама хьалха адамаш тидам бира стигалан серлаллашан а, хенан хӀоттаман хийцамашан а йукъахь долу дазар. Цу хенахь астрономи астрологица чӀогӀа вовшахъэдина дара. ТӀаьххьара астрономи астрологех схьакъастира Дендаларан хенахь.
Астрономи кхоллайелла дукха зама хьалха. Иза кхоллайелла адамийн хӀора денна хуьлу хьашташах. Седарчийн меттигашка хьаьжна ахархошна хаьара шеран заманаш хийцалуш. Нахана Маьлхе а, седарчийн а тӀехьожуш некъ карабора. Малх а, Бутт а лацар йух-йуха хуьлий хууш дукха зама ю. Шира йозанан хьосташан тӀехь карош ю астрономин хиларашан суьрташ хӀоттор а, сирла стигалан хӀуманийн гӀаттар а, бузар а лоруш ларараш, хан лору а, календарь лелоран а некъаш.
Астрономи кхуьуш йара Шира Вавилонехь, Мисарахь, Цийчохь, Индехь. Китайн тептарш тӀехь буьцу в. з. к. 3 шо хьалха хилла Малх лацар. Лаьттайуккъера хӀордан уллехь йолу пачхьалкхашкахь йара Маьлхан а, Беттан а, планеташийн а лелар кхетош а, цера хирдолу лелар дуьйцуш а теориш. Иштта цу хенахь бара оцу балхан гӀодеш чоьлхе боцуш эвсара гӀирсаш.
Къаьстина баккхи кхиамаш бара Шира Желтойчохь. Пифагорас массарелла хьалха элира Дуьне горга ду. Аристархас элира Дуьне Маьлхан гонах хьийзаш ду. В. з. к. 2 эзар шо хьалха Гиппархас хӀоттийра хьалхара седарчийн каталог. Птолемейс в. з. к. 200 шо хьалха йицира Дуьне Ӏаламан юккъехь долу система (Ӏаламан геоцентрически система). И система йара 1500 шарахь массара а тӀеэцна.
XV бӀешарахь Улугбекас Самаркандан уллехь йира чохь тоьлла гӀирсаш болу обсерватори. Цо хӀоттийра Гиппархан тӀехьа хьалхара седарчийн каталог. XV бӀешарахь Европехь астрономи кхиам болало. Керла лехамаш гучубовлар бахьан дара махлелоран а, хикеманаш лелоран а астрономи оьшуш хилар.
Таханлера астрономи кхоллайелла лору Коперникас гелиоцентрически система йукъайаккхича (XVI бӀешо йуккъе кхаьчча), Галилейс стигалан хӀуманаш телескопца талла волавелча (XVII бӀешо долалуш хенахь), Ньютонас Дуьненан тӀеозаран закон гучудаьккхича (XVII бӀешо чекхдолуш хенахь).
XVIII—XIX бӀешерашкахь астрономи космосехь лаьцна хаамаш гулбеш йара. Йаккхий телескопаш йукъаевлича нахана хиира Малх Ча Такхийна Тача цӀе йолу галактикин йукъа боьдуш буй. XX бӀешо долалуш гучудели галактикаш шортта хилар. 1929 шарахь галактикашан спектраш толлуш Эдвин Хабблан гучудели «галактикаш дӀасаидар». ТӀехо оцу хаамаш бахьнехь кхоллайелира Ӏаламан шорйаларан теори.
XX бӀешарахь астрономи шина декъа йекъайелира: тидаман астрономи а, теорин астрономи а.
XX бӀешарахь хилла йолу Ӏилманан-техникин революцис боккху Ӏаткъам бира астрономи кхиаран, къаьстина астрофизикин. Кхоьллинера оптикан а, радион а телескопаш, ракеташ а, искусствени спутникаш а. И кхиамаш бахьнехь астрономин дукха керла хаамаш Ӏаинера. Уьш бахьнехь гучуелира керла стигалан хӀуманаш: радиогалактикаш, квазараш, пульсараш, и. к. д. Кхоьллинера седарчийн а, Маьлхан системан а эволюцин керла теориш. XX бӀешаран къестина кхиам бара релятивистан теори кхоллар — динна Ӏаламан эволюцин теори.
Астрономин тергонашан доккха дакъа ду гушйолу серлонан а, кхоьчу хецаран а тидам бар а, анализ а[2]. Астрономин тергонаш йекъа йиш йу терго йеш йолу спектран дакъонашца. Цхьадолу спектран дакъонашна Дуьнена тӀера терго йан йиш йу. Кхиераш лакхара атмосферехь йа космосехь бен йойла дац.
Оптикан астрономи (наггахь цунах олу гушйолу серлонан астрономи) йу массарел шира космос толлу кеп[3]. Хьалха стиглуш гушдолу хӀумнашан куьйгаца сурт дуьллура. XIX бӀешо чекхдолуш хенахь а, ХХ бӀешарахь а талламаш бора фотографишца. Тахана сурташ доху цифрийн детекторашца. Гуш йолу серлонан диапазон 4000 Ǻ дуьйна 7000 Ǻ кхаччалца йелахь а (400—700 нанометр), оцу диапазонехь лелош болу гӀирсаца терго йало ультрафиолетан а, инфрацӀен зӀенарашан.
ИнфрацӀен астрономис терго йо стигалан хӀуманийн инфрацӀен зӀенаршан. Оцу тулгӀенийн йохалла гучу серлонан зӀенарий йохаллан улле а елахь, инфрацӀен зӀенараш хӀаваас чӀогӀа худу. Цундела инфрацӀен обсерваториш лакахь атмосферехь йа космосехь хила йеза. ИнфрацӀен спектр дика йу дукха шила йолу хӀуманашан терго йан (масала, планеташ а, тачанаш а). ИнфрацӀен зӀенарш ченан марханашах чекхйолу, цундела йиш хуьла къона седарчийн терго йан[4].
Цхьайолу молекулаш чӀогӀа инфрацӀе зӀенарш йолуш йу. Цара гӀо до стигалан хӀуманийн химин хӀоттам талла (масала, кометашкахь хи лаха)[5].
Ультрафиолетан астрономис терго йо 100 дуьйна 3200 Ǻ кхаччалц (10—320 нанометров) деха долу тулгӀенаш. И зӀенарш Дуьненан хӀаваас худу. Цундела оцу диапазонан терго йеш болу гӀирс лакхахь атмосферехь йа космосехь хила беза. Ультрафиолетан астрономи дика йу бовха седарчий (О а, В а классан) толлуш, хӀунда аьлча цера зӀенараш оцу диапазонехь хуьлу. Кхуза йукъайогӀуш йу кхоьчу галактикашкахь болу сина седарчий а, планетан тачанаш а, тӀаьхкерла седарчий а, и. к. д. Амма и зӀенараш седарчийн йукъара чено атта худу, цундела тергонаш йеш иза тидаме эца деза.
Радиоастрономи йу космосан таллар 1 мм сов йеха зӀенаршца. Радиодиапазонехь зӀенарш хоьцу дукха тайпан стигалан хӀуманаш: тӀехкерла седарчий, седарчийн йуккъера хаваъ, пульсараш, галактикашан жигара ядраш.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.