From Wikipedia, the free encyclopedia
Арши́нцев Бори́с Ники́тович[1] (1903 шеран 28 июлехь (10 августехь), Соьлжа-ГӀала — 1944 шерана 15 январехь, Керчан кӀошт) — советийн тӀеман баьчча, инарла-майор (1943 шеран 23 январехь). Советийн Союзан Турпалхо (1944 шеран 16 майхь).
Аршинцев, Борис Никитович | |
---|---|
Вина терахь | 1903 шеран 28 июль (10 август) |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Соьлжа-ГӀалин гуонан, Теркан область, Российн импери |
Кхелхина терахь | 1944 шеран 15 январь (40 шо) |
Кхелхина меттиг: | Керчь, ГӀирман АССР, РСФСР |
Пачхьалкх | ССРС |
Эскаран тайпа | ГӀашлой |
Дарж |
инарла-майор |
Куьйгалхо |
16-гӀа кхийсархойн бригада 30-гӀа кхийсархойн дивизи 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи 11-гӀа гвардин кхийсархойн корпус |
ТӀемаш |
Хасанан тӀемаш (1938) Халхин-Голера тӀемаш Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом |
СовгӀаташ |
Аршинцев Борис Никитович вина 1903 шеран 28 июлехь (10 августехь), Соьлжа-ГӀалахь дечиг-пхьеран доьзалехь.
1920 шеран августехь кхайкхира БАЦӀЭ могӀаршка. 1920 шарахь дуьйна РКП(б) декъашхо. 1922 шеран мартехь чекхъехира 12-гӀа БуритӀен гӀашлойн курсаш. 1922 шеран майхь дуьйна гӀуллакхехь вара 1-чу Петарбухан полкехь БГӀД а, 1-чу Петарбухан ша йолчу ротан БГӀД взводан баьчча даржехь. 1923 шарахь йуха чекхъехира башха гӀуллакхийн дакъойн (БГӀД) баьччийн курсаш, 1923 шеран декабрехь хӀоттийра взводан а, пулемётийн командан а баьччан дарже 522-гӀа БГӀД БуритӀен полкехь. 1922 шарахь дакъа лецира Къилбаседа Кавказан герзашца болчу кхолламашна дуьхьала долчу тӀемашкахь.
1925 шарахь йуха а чекхдаьккхира БуритӀен гӀашлойн ишколан дакъа, 1925 шеран июлехь хӀоттийра 28-гӀа кхийсархойн Ломан ЦӀиенбайракхан дивизин 82-гӀа кхийсархойн полкан взводан баьчча дарже. 1925 шеран октябрехь дуьйна гӀуллакхехь вара БуритӀен гӀашлойн ишколехь — взводан баьчча, ткъа цул тӀаьхьа — курсан баьчча. 1929 шарахь дакъалецира Нохчийчуьра антисоветийн гӀаттам охьатаӀош.
1929 шеран декабрехь Аршинцев хӀоттийра Минскера БССР ЦКХК цӀарах йолчу Цхьаьнатоьхна тӀеман ишколан курсан баьччан дарже. 1930 шеран июлехь дуьйна, тӀехьа-хьалха хӀоттийра ротан баьчча, батальонан баьччан гӀоьнча, полкаш ишколан хьаькам, 109-гӀа кхийсархойн полкан батальонан (Белорусийн тӀеман гуонанн 37-гӀа кхийсархойн дивизи) баьчча даржашка. 1934 шеран январера 1935 шеран апрель кхаччалц гӀуллакхехь вара оцу дивизин штабан 1-чу декъан хьакаман гӀоьнча даржехь. Цул тӀаьхьа хьажийра академи деша.
1938 шарахь чекхйаьккхира Фрунзе М. В. цӀарах йолу БАЦӀЭн ТӀеман академи, оцу шеран сентябрехь хӀоттийра штабан 1-ра (оперативан) декъан хьаькам дарже, ткъа 1939 шеран июлехь — 1-ра Ша долу ЦӀиенбайракхан эскаран 39-гӀа кхийсархойн корпусан штабан хьаькам дарже.
Дакъалецира Хасан Ӏоман гергарчу тӀемашкахь 1938 шарахь, Халхин-Гол эрк тӀаьхь 1939 шарахь.
1940 шеран ноябрехь Аршинцев Борис Никитович хӀоттийра йукъара тактикан кафедран хьехархо дарже, ткъа 1941 шеран майхь — Фрунзе М. В. цӀарах йолу БАЦӀЭн тӀеман академин штабийн гӀуллакхийн кафедран хьехархо дарже.
1941 шеран июлехь хӀоттийра 211-гӀа кхийсархойн дивизин (Москохан тӀеман гуонан) штабан хьаькман дарже. Сентябрехь дивизи йукъатуьйхира 43-гӀа эскаран (Резерван фронт), иза чӀагӀъелира Десна эрк тӀехь, Ельня гӀалин къилбехьа, цигахь дакъалецира Смоленскан тӀом болуш, Вязьман а, Можайскан-Малоярославецан операцешкахь, кхин а Москохан бухахь контртӀелатарехь.
1941 шеран 16 декабрехь Аршинцев хӀоттийра 56-гӀа эскаран (Къилбан фронт) оперативан тобан штабан хьаькам дарже, цигахь дакъалецира Ростовн тӀелатаран операцехь. 1942 шеран 24 мартехь — Таганроган кӀоштахь чӀагӀделла, оцу эскаран 16-гӀа кхийсархойн бригадан баьчча, ткъа 1942 шеран 14 июнехь — оцу эскаран 30-гӀа кхийсархойн дивизи баьччан дарже. Кавказ къовсу тӀамехь Аршинцевн баьччаллин дивизис дакъалецира Армавиран-Майкопан а, Туапсен а лардаран операцешкахь, оцу хенахь дивизис, лаьцна ах гуо а болуш, ларйира Краснодар, йитира иза омар деллачул тӀаьхьа 1942 шеран 12 августехь. 1942 шеран ноябрехь баьччалло дивизин салташа а, эпсарша а масалла долуш, тӀедиллинарг сийлаллийца, майраллийца чекхдаккхарна гвардин цӀе а йелла, цунах йира 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи. Дивизис дӀакъалецира Къилбаседа Кавказ мукъа йоккхуш, тӀелеташ Горячи Ключна, Калужски а, Новодмитриевскин а гӀаланашна, цара мукъайаьккхира Краснодар. 1943 шеран сентябрехь а, октябрехь а дивизис дакъалецира Новороссийскан-Таманан тӀелатаран операцехь. 55-гӀа гвардин Иркутскан Ленинан орденан кхузза ЦӀиен байракхан Суворовн 2-гӀа тӀегӀан орденан кхийсархойн РСФСР Лакхарчу Советан цӀарахчу дивизин (11-гӀа гвардин кхийсархойн корпус, Ша йолу Приморскан эскар) баьчча гвардин инарла-майор Аршинцев Б. Н. башха къаьстира Керчан-Эльтигенан десантан операцехь. 55-гӀа гвардин кхийсархойн дивизи цуьнан баьччаллехь 1943 шеран 3 ноябрехь Азовн тӀеман флотилин кеманаш а, катераш а тӀехь, шторман хенан-хӀоттам болуш, дехьаелира Керчан хидоькъел, Опасни эвлан кӀоштахь дӀалецира плацдарм. Хьалххарчу буса аьтту белира плацдарм 2 километр гергга кӀорга ян, тӀаьхьарчу деношкахь дивизис мукъа ехира эвланаш Капканы, Опасни, Еникале (хӀинца Керчан йукъахь йу), кхин а чуйахара мостагӀчун чӀагӀонашна 12 километр кӀорге. Оцу дозанашкахь дивизи чӀагӀъелира, масийттаза йухатуьйхира дӀалаьцна Керчан плацдарм дӀайаккха гӀерта мостагӀчун тӀелатар. Оцу тӀемашкахь боккха иэшам хилира 98-гӀа немцойн гӀашлойн а, 3-гӀа румынин ломан гӀашлойн а дивизешна. МостагӀчу зие: вийна 1800 салтий а, эпсар а, йохийна 7 танк, 8 йоккха топ, 6 миномёт, схьайаьккхина 7 йоккха топ, 4 миномёт, 2 бердан прожектор, дукха тӀеман бахам. И операци бахьнехь 1943 шеран 25 ноябрехь инарла Аршинцев кховдийра Советийн Союзан Турпалхо цӀе йаларе.
ССРС Лакхара Советан президиуман 1944 шеран 16 майн омарца эскарна говза куьйгалла дарна, цу тӀе Керчан хидоькъел дехьаволуш доьналла гайтарна, гвардин инарла-майоран Аршинцев Борис Никитовична йелла Советийн Союзан Турпалхо цӀе.
1943 шеран 14 декабрехь Аршинцев Борис Никитович хӀоттийра 11-гӀа гвардин кхийсархойн корпусан (Ша йолу Приморски эскар) баьччан дарже. 1944 шеран январехь корпус шозза гӀоьртира керчан плацдарм шорйина, Керчь мукъаяккха. Иштта йолу шолгӀа операци йира 1944 шеран 9 - 21 январехь, корпус тӀелетира, Тархан меран тӀе десант йоссош. ТӀемаш чӀогӀа луьра дара, мостагӀ дӀататтавелира масех километр дукха шайна иэшамбарца. Оцу операцехь 1944 шеран 15 январехь инарла-майор Аршинцев Борис Никитович кхелхира 115,5 локхаллин барз тӀехь Бондаренково эвлан гергахь Керчан къилбаседехьа, мостагӀчун хӀоъ нисса тергойаран пунктан блиндаж чукхетта. ДӀавоьллира Керчан ахгӀайрен тӀиера Маяк эвлахь советийн тӀемлойн йукъара каш чохь[2]. ТӀом чекхбаьлча йухадӀавоьллира Керчера Мирошникан урамера ТӀемлойн мемориалан кешнашка[3].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.