Арахьара гӀуллакхийн министр
From Wikipedia, the free encyclopedia
Арахьара гӀуллакхийн министр — пачхьалкхан арахьара политикин ведомствин куьйгаллин министран рангера даржехь верг. Правительствон декъахо ву (министрийн кабинетан, министрийн кхеташонан). Правительствон даржех ладамех цхьаъ. Наггахь министрийн кабинет шолгӀа дарж.
Ламастехь даржах олу арахьара гӀуллакхийн министр. Амма юкъардахарш ду: АЦШ оцу даржах олу пачхьалкхан секретарь (пачсекретарь). Йоккха Британехь — арахьара гӀуллакхийн а, ДоттагӀаллин гӀуллакхийн а министр (пачхьалкхан секретарь). Цхьацца пачхьалкхашкахь: арахьара юкъаметтигийн министр, арахьара уьйранийн министр, дуьненайукъара гӀуллакхийн министр, арахьара гӀуллакхийн а, махлелоран а министр, арахьара гӀуллакхийн пачхьалкхан секретарь, кхин дӀа а. Латинан Америкин дукхаха болчу мехкашкахь, арахьара гӀуллакхийн министрах олу canciller (аьлча а канцлер).