Антарктикин талламийн турпала бӀешо
From Wikipedia, the free encyclopedia
Анта́рктикин та́лламийн ту́рпала бӀе́шо (инг. Heroic Age of Antarctic Exploration) — ингалматтера историографехь, XIX бӀешеран чаккхенгахь а, XIX бӀешеран хьалхара иттаннаш шерашкахь а Антарктикин регионе кечйина цхьа могӀа, коьрта транспорт меттана дужу жӀаьлеш лелийна, экспедицеш билгалйаха тӀеэцна термин[1]. Церан коьрта Ӏалашо йара географин Къилба полюсе кхачар, ца йевзачу материкан чоьхьара кӀошташ а, бердаш а мехкашна бекъар, цуьнан физикин, климатан, геологин хьал Ӏамор. Амма, изза Ӏалашо йолу, цхьацца экспедицеш, антарктикин бердашка а ца кхечира.
1897—1922 шерийн муьрехь Антарктика хилира дуьненайукъара тидамехь: ткъе пхеа шарахь йира бархӀ махко кечйина 16 экспедици, царна йукъахь йара Бельги а, Япони а йара, XX бӀешарахь коьрта полюсийн пачхьалкхаш йоцушехь[2]. Ажиотажан бахьнехь лаьцна Черри-Гаррард Эпслис иштта йаздора:
|
КӀезиг роль ца ловзийра йаккхий пачхьалкхийн къоман догдоккхалло а: Дуьненара коьрта географин объектех 1900 шарахь къарйанзайисинера Къилбаседа а, Къилба а полюсаш.
«Турпала бӀешеран» экспедицеш лелайора XIX бӀешеран технологеш: команда дӀакхачо дечиган гатанан-Ӏаьнаран жимачу тоннажан кеманаш, шен тӀехула лела дуьйжина жӀаьлеш, европахойн хьашташна кечдина цхьацца эскимосийн дийна биса лело хьуьнарш. Ресурсаш а, гӀирс а кӀезиг хиларна, хӀора экспедицин кхиамаш оцу хьелашкахь бозура транспортан стратегех а, куьйгалхойн логистикийн хьуьнарех ойла йина хиларх. ХӀора экспедици чекхйолура экстремалан хьелашкахула, дуьненца цхьа зӀе йоцуш, декъахошна шайн йерриг интеллектуалан а, физикин а ницкъаш дайар тӀедуьллуш[4]. ЖамӀехь, Къилба полюс къарйеш велира 19 стаг.
«Турпала бӀешеран» коьрта жамӀаш хилира Антарктикин материк комплексехь таллар, къилба географин а, магнитан а полюсашка кхачар, материкан бердийн хьалхара карта хӀоттор, географин, климатологин, биологин комплексан хаамийн йоккха база кхоллар, материк кхин дӀа а таханлера гӀирсашца Ӏамо[5].