Да́ни А́лвес (порт.-браз. Dani Alves; йуьззина цӀе Даниэ́л А́лвес да Си́лва (порт.-браз. Daniel Alves da Silva); вина 1983 6 майхь, Жуазейру, Баия, Бразили) — бразилин футболист, бразилин «Сан-Паулун» турсло. Дукхаха болчу тренераша, футболисташа, футболан функционераша лору дуьненахь уггаре дикачех цхьа турсло[1][2][3][4]. Шен карьерехь 40 титул йаьккхина, уггаре дукха титулаш йолу футболист ву исторехь[5].
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Алвес.
Доца факташ Дани Алвес, Йукъара хаамаш ...
ДӀачӀагӀа
Кхиийна бразилин клубо «Баия», цунна йукъахь дебют хилла 2001 шарахь. Кхин шо даьлча дехьавелира испанин «Севилья» йукъа, цуьнца йалх шарахь баьккхира шиъ УЕФА кад (2005/06, 2006/07), Испанин кад (2006/07) а, Суперкад (2007) а, ткъа кхин а УЕФА Суперкад (2006). 2008 шеран аьхка цунах «Барселонин» ловзархо хилира, каталонин грандца пхеа шеран контракт дира. Бразильхочуьнца трансферах «сийна-руманчеран» делира €35,5 млн, ткъа ша Даних хилира уггаре веза турсло клубан исторехь. Дуьххьарчу шарахь дуьйна керлачу командица йира «дешин xет-трик», йаьккхира Испанин чемпионат, Испанин кад, УЕФА Чемпионийн лига. ТӀаьхьа оцу хӀонсашна тӀекхийтира Испанин Суперкад, УЕФА Суперкад, клубашна йукъахь дуьненан чемпионат. Дерриг бархӀ шарахь «Барселонин» йукъахь турслочо йаьккхира 23 хӀонс. 2016 шеран аьхка цунах хилира Туринан «Ювентусан» ловзархо, цунна йукъахь хилира Италин чемпион, баьккхира мехкан Кад. 2019 шеран 1 августехь 3,5 шеран контракт дира бразилин «Сан-Паулуца».