![cover image](https://wikiwandv2-19431.kxcdn.com/_next/image?url=https://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/6/6c/Saltstraumen.jpg/640px-Saltstraumen.jpg&w=640&q=50)
Айма (хи хьовзар)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Айма, КӀуркӀмани (буру хьовзар, хи хьовзар) — хин тӀехуларчу чкъоьрехь хи гуонаха хьийзар, хуьлу хин цхьацца дакъошкахь йа харш чохь шиъ хи цхьанакхетар бахьнехь, йа хи цӀеххьана дистича бердах хьекхадалар бахьнехь.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Айма (маьӀнаш).
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/6/6c/Saltstraumen.jpg/640px-Saltstraumen.jpg)
![Thumb image](http://upload.wikimedia.org/wikipedia/commons/thumb/b/b2/A_whirlpool_in_a_glass_of_water.jpg/320px-A_whirlpool_in_a_glass_of_water.jpg)
ХӀордан айма хуьлу хӀорд тӀекхеташ а, чубужаш а догӀу хиш дуьхь-дуьхьал кхетча.
Хи лелар айманашкахь дукха сиха хила тарло. Анасизан барамаш хийцало масех сантиметр тӀиера масех километре кхаччалц (Ӏапказ чохь).
Айманаш йекъало кхаа кепе:
- Гуттареннаш.
- Шеран заманашкарнаш.
- Наггахь хуьлурш.
Уггаре йевзаш йерш йу хӀара айманаш:
- Мессинан хидоькъера Сцилла а, Харибда а айманаш.
- Лофотенан гӀайренашна гена йоццуш йолу Мальстрём (йа Москенстрёумен) айма, иза хьахийна шен «Ткъа эзар лье хин бухахула» жайнехь Верн Жюла, ткъа иштта По Эдгаран «Мальстрём чукхоссар» дийцарехь.
- Шотландера Койребрикэн айма.
- Японера Наруто айманаш.