Азербайджанийн манат
From Wikipedia, the free encyclopedia
Мана́т (азерб. manat) — Азербайджанан Республикин къоман ахча, лаьтта 100 гяпиках (азерб. qəpik). Ахчан ISO 4217 код AZN, цӀе — Azerbaijan Manat, 2017 шеран 9 июнь кхаччалц — Azerbaijanian Manat.
Азербайджанийн манат (нох.) | |||
---|---|---|---|
Azərbaycan manatı (азерб.) | |||
| |||
Кодаш а, символаш а | |||
Кодаш ISO 4217 | AZN | ||
Символаш | Ахчан хьаьрк AZN цакарий | ||
Лелаш долу меттигаш | |||
Эмитент | Азербайджан | ||
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а | |||
Къасторан | гяпик (1⁄100) | ||
Монеташ а, банкноташ лелар | |||
Банкноташ | 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат | ||
Истори | |||
Йукъадалор | 15.08.1992 | ||
Ахча-хьалха хилларг | ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR) | ||
Хроника | Азербайджанийн манат (AZM • .1992.15.08 → .2006.31.12) Азербайджанийн манат (AZN • .2006.01.01 → н/в) | ||
Монеташ а, банкноташ а арахецар | |||
Эмиссионни центр | Азербайджанан Республикин Центран банк | ||
www.cbar.az | |||
Мах 25 февралехь 2015 шо | |||
1 RUB | = 0,01695 AZN | ||
1 USD | = 1,061 AZN | ||
1 EUR | = 1,203 AZN | ||
1 GBP | = 1,644 AZN | ||
1 JPY | = 0,008928 AZN | ||
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж». | |||
Category:Money of Azerbaijan Викилармехь |
Азербайджанийн манат йукъадаьккхина 1992 шеран 15 августехь. Йуьхьанца лелаш дара советийн соьмаца цхьаьна, ткъа иштта 1992—1993 шерашкара Российн Банкан билеташца а, хуьйцура 1 манат = 10 сом. 1993 шеран 22 ноябрехь йукъарадаха долийра советийн а, российн а соьмаш, 1994 шеран 1 январехь дуьйна манат хилира цхьаъ бен доцу законехь лелаш долу ахча.
2006 шеран 1 январехь йира деноминаци 5000:1 барамца. Хьалха арахецна ахчан хьаьркаш лийлира 2007 шеран 1 январь кхаччалц.
Таханлера манат ду 6 кепара нархарех а, 7 кепара банкнотех а лаьтташ.
- Монеташ: 1, 3, 5, 10, 20, 50 гяпик (тӀаьхь терахь дац, арахецна 2006 шарахь)
- Банкноташ: 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат
Банкнотийн дизайн йина австрийн валютийн дизайнера Роберт Калинас, цуо иштта йина хӀинцалера евро банкнотийн дизайн а. Нахарташ кхин а гойту, еврон нахартех гӀеххьа тера билгалонаш хилар.
Банкнотийн цхьа дакъа Азербайджанан Республикин Центран банкан заказца зорба туху доларчу британин De La Rue компанис[1].