Азербайджанийн Советийн Социалистийн Республика
From Wikipedia, the free encyclopedia
Азербайджа́нийн Сове́тийн Социалисти́йн Респу́блика (1936 шеран 5 декабрехь дуьйна[1]; азерб. Азәрбајҹан Совет Сосиалист Республикасы) — социалистийн пачхьалкх[2], кхайкхийна 1920 шеран 28 апрелехь Азербайджанийн Демократин Республикин махкахь, маьрша пачхьалкх санна. 1936 шеран 5 декабрь кхаччалц Социалистийн Советийн Республика Азербайджан (ССРА) (азерб. آذربایجان سوسیالیست شورا جومهوریتی, Azərbajcan Sosjalist Зyra Cumhyrijjəti[3]), кхин а йевза йацйинчу цӀерашца, масала, АзССР, Азербайджанийн ССР йа Советийн Азербайджан.
Азербайджанийн Советийн Социалистийн Республика آذربایجان سوسیالیست شورا جومهوریتی Azərbaycan Sosyalist Şura Cumhuriyyəti Азәрбајҹан Сосиалист Шура Республикасы | |||
---|---|---|---|
| |||
ССРС-н йукъахь | |||
Кхин хаамаш | |||
Викиларми чохь медиафайлаш | |||
1922 шеран 12 мартехь дуьйна — Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республикин (ЧКСФСР) дакъа, цул тӀаьхьа ЧКСФСР йина долу, хилира ССРС кхоьллинчу республикех цхьаъ. 1936 шеран 5 декабрехь Азербайджанийн ССР ша йукъайахара ССРСна[1], лаьттира цуьнан бертан республика йолуш 1991 шо кхаччалц.
Азербайджанийн ССР йара орденаш лело республика: цунна совгӀат дина шина Ленинан орденца (1935, 1964), Октябран Революцин орденца (1970), Къаьмнийн ДоттагӀаллин орденца (1972)[4].
Азербайджанийн ССР йара орденаш лело республика: цунна совгӀат дина шина Ленинан орденца (1935, 1964), Октябран Революцин орденца (1970), Къаьмнийн ДоттагӀаллин орденца (1972)[5].