Административан-мехкан декъар
From Wikipedia, the free encyclopedia
Администрати́ван-ме́хкан де́къар (администрати́ван-ме́хкан хӀо́ттам) — унитаран пачхьалкхан мохк дакъошка бекъар (административан-мехкан дакъош), цуьнца хӀоттайо меттигера Ӏедалан меженийн система. Йоькъу Ӏаламан, политикин, экономикин, этносан, къоман, кхин а факторшца. Административан-мехкан декъар (хӀоттам) хуьлу кхин а федеративан пачхьалкхийн субъекташкахь, хӀунда аьлча, дукха хьолехь, уьш хуьлу унитаран кхолламаш. Унитаран пачхьалкхех къаьсташ федерацийн мехкан хӀоттам федеративан хӀоттаман амалехь бу.
Федерацин субъектийн, дукхаха дерг, хуьлу унитаран административан-мехкан хӀоттам, амма хила таро ю федерацеш а (масала, РСФСР). Кхин тӀе, федерацин субъекташ йекъало дакъош, ду, дукха хьолехь, шайн меттигера урхаллин субъекташ, ткъа церан бакъонаш ларйо башхачу законашца.
Административан-мехкан дакъошна а, пачхьалкхан а йукъара кӀезиг чолхалла долу юкъаметтигийн кепаш бахьнехь, тӀаьхьарчуьн, дукха хьолахь, таро хуьлу меттигерачу тӀегӀанехь хала боцучу сацамийн процедурашца шен административан-мехкан хӀоттам хийца. Пачхьалкхаш юхуш я кхечу пачхьалкхан йукъара мехках керла пачхьалкхаш кхуллуш, чоьхьара административан дозанаш хийца тарло пачьалкхан дозанашца (масала, ССРС), цуо кхуллу шортта пачхьалкхашна йукъара мехкаш къийсар.