Абу (кунья)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Абу, шорйина Абу аль, Абу-ль, Абуль, Абу-л (abū, Ӏаьр. أبو; йа abū'l), иштта «аби» (доланиг дожаран кеп) — Ӏаьрбийн дош «да»; Ӏаьрбийн цӀеран (кунья) дакъа, билгалдоккху хьенан да ву «хьанехан да». Жуьгтийн маттера «Аб»[1] изза ду. Семийн къаьмнийн «абу» йа «аби» долара цӀерийн ламаст чӀогӀа шира ю, хаало ширамисран иэсаш тӀехь.
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Абу.
Дуьххьарлерачу йоьӀан йа кӀентан охьанехьа ден цӀерах тайп до, ткъа дешо «ибн» хьаланехьа ден цӀарах тайпа до. Масала: Амру йа Хьасан цӀе йолчу кӀентан дех ала тарло Абу-Амру йа Абуль-Хьасан; Зеид, Амран кӀант а, Хьасанан да а цӀе йолчу адамах Абу-Хьасан Зеид-ибн-Амру.
Зударийн охьанехьа цӀераш кхуллу дешца «умм» (umm), нана.