ХӀиндера ЮНЕСКОн дуьненан тӀаьхьенан объектийн исписка
From Wikipedia, the free encyclopedia
ХӀиндера ЮНЕСКОн дуьненан тӀаьхьенан объектийн испискехь ю 36 объект (2017 шарахь), иза ю 3,4 % берриг барамах (1073 2017 шо).
28 объект юкъатоьхна оьздангаллин хьесапашца, 7 объект — Ӏаламан, 1 объект — оьздангаллин а, Ӏаламан а. 12 объект къобал йина адамо кхоьллина денин шедевр (критерий i), 3 объект къобал йина Ӏаламан феномен я исбаьхьа тӀех хаза Ӏаламан а, эстетикан ладамаллин а объекташ аьлла (критерий vii).
Цул сов, 2017 шеран хьолашца, 42 объект пачхьалкхан махкахь кандидатийн декъахь ду дуьненан тӀехьалон испискин юкъатоха[1].
ХӀиндис ратификаци йира 1977 шеран 14 ноябран Дерриг дуьненан оьздангаллин а, Ӏаламан а тӀаьхье Ӏалашъяран Конвенцин[2]. ХӀиндин махкара дуьххьарлера объекташ испискашна тӀеяьхна 1983 шарахь ЮНЕСКОн дерриг дуьненан тӀаьхьенан Комитетан 7-гӀа сессехь.