Пандеми
From Wikipedia, the free encyclopedia
Пандеми (желтойн маттера «πανδημία» дош нохчийн матте гочдича «дерриг халкъ» маьӀна ду)- дуккха а пачхьалкхашкахь а, континенташкахь а даьржина вуно чӀогӀа ун ду; уьнан процесс кхиаран лакхара дарж ду. Уьнан уггаре кхераме кеп ю пандеми. Пандеми йолчу муьрехь дуьненан доккхаха долу декъехь даьржа лазар. Массо бахархошна массийн а, цхьаттера кхеттачу цамгаран кепехь олу пандеми.
Дерригдуьненан могушалла Ӏалашъяран организацино билгалдаккхарца, пандеми дуьненан масштабехь даьржина керла лазар ду. Масала, керлачу гриппан вирус гучуяьлча жӀаьлин уьнан пандеми кхиа йолало, юха иза доллу дуьненахь яьржа, ткъа нехан иммунитет ца хуьлу цунах хьалхабовла.
Адамийн историн йохаллехь дукха а пандемиш хилла, масала морзгал я йовхарийн цамгар. Ткъа уггаре луьра пандеми яра Ӏаьржа Ӏожалла (я Ӏаьржа ун) цӀе йолуш. И яьржинчу XӀV-чу оьмарехь кхузткъе пхийтта (75)-ши бӀе (200) миллион стаг кхелхира. Цу хенахь «пандеми» билгало лелош яцара. 1918-чу шарахь жӀалин уьнан пандеми яра. Иштта цунах олу испанхойн грипп а. Таханлерачу заманахь а дуьненахь даьржина COVID-19 (COronaVIrus Disease-ткъесна) я коронавирус олу ун а, АИВ-ИЦ (Адаман иммунодефицитан вирус/Иммунодефицитан цамгар) а.