Оьрсий
From Wikipedia, the free encyclopedia
Оьрсий[4] — Россехь а, Европехь[51] а уггаре дукха малхбален славянийн къам. Йаккхий оьрсийн йукъараллаш йу Украинехь, Кхазакхстанехь, АЦШхь, Германехь, кхин а цхьа могӀа мехкашкахь. Оьрсийн къоман оьздангаллин генара ламасташ ду, таханлера йерриг Российн оьздангаллин бух а бу. Ненан а, къоман а мотт — оьрсийн. Динехь болу оьрсий — коьртаниг православехь[4] бу.
Оьрсий | |
---|---|
Дукхалла а, ареал а | |
Дукхалла | ≈134,1 млн ст.[1] |
|
|
Хаам | |
Мотт | оьрсийн |
Дин | ламаста православи[4] (царна йукъахь шираламасталла) |
Йукъабоьду | малхбален славянаш |
Гергара къаьмнаш | украинаш, белорусаш, русинаш |
Этносин тобанаш | |
Схьабалар | шира славянаш, шираоьрсийн къам |
Медиафайлаш Викилармехь |
Оьрсийн къам кхолладелла Шира Русан муьрехь цхьаьнакхетта малхбаленславянийн тайпанех. Оьрсийн къоман дуккха а йукъара историн а, оьздаллин а аматаш йу кхечу европин къаьмнашца, кхечу малхбаленславянийн къаьмнашца — белорусашца, украинашца, русинашца муххале а. Оьрсийн историн луьста уьйра йу кхин дуккха а къаьмнашца, цуо таро йелла оьрсийн мотт а, оьрсийн оьздангалла а йаржо. Оьрсийн мотт официалан бу Россехь, Белоруссехь, Кхазакхстанехь, ГӀиргӀазойчохь. Кхин а иза баьржина ССРС йоьхначул тӀаьхьа кхоллайелла пачхьалкхашкахь.