Нобель Альфред
From Wikipedia, the free encyclopedia
Нобель Альфред (шведийн маттахь Alfred Bernhard Nobel; вина 21 октябрь 1833- кхелхина 10 декабрь 1896) — шведийн химин Ӏилманча а, инженер а, кхоллархо а, хьуьнарча а, филантроп а ву.
Нобель Альфред | |
---|---|
швед. Alfred Nobel | |
ГӀуллакхан тайпа | химик, промышленник, филантроп, фотограф, weapons manufacturer, инженер |
Вина меттиг | |
Кхелхина меттиг | |
Да | Эммануэль Нобель[d][1] |
Нана | Каролина Андриетта Альсель[d][1] |
Нобель Альфред Викилармехь |
Нобель вевзаш ву динамит кхоьллинарг санна[4][5], иштта цуьнан долехь Бофорс компани йара. Йуьхьанцара и компани металлурги йукъахь белхаш беш йара, тӀаьхьо Нобелс цуьнан белхаш химин а, йоккхачу тоьпан а индустрин агӀора берзира. Нобелин кхо бӀе шовзткъе пхийтта тайп-тайпана патент йара, царна йукъахь уггар йевзаш динамит йу. Ша герз духкуш ахча даккхарна бехкевеш волу хеназа кадам (некролог) бешначул тӀаьхьа, Нобело весет дира шен дерриг даьхни Нобелин совгӀаташ[6][7] кхолла тӀехьажа дан. Нобелин совгӀаташ ло физикехь а, химехь а, медицинехь а, литературехь а, барт-машар чӀагӀбарехь а кхиамаш баьхначу нахан. Нобелин цӀе лелош йу Dynamit Nobel а, AkzoNobel а компанеш. Уьш цо кхоьллинчу компанешца дӀаийна тӀаьхьенаш ю[8].