ЕрвандгӀар
From Wikipedia, the free encyclopedia
ЕрвандгӀар, Оронтидаш, Ервандуни я Ервандаканаш[1] (эрм. Երվանդունիներ, шир.-желт. Ὀρόντης, гӀаж. اروندی; вайн эрал 570 я 520 гергга — 200 шераш хьалха) — эрмалойн некъий[2][3][4][5], вайн эрал 401 шо хьалха дуьйна урхалла деш хилла Эрмалойчохь, гӀажарийн (ахеменидгӀеран) сардалаш болуш, ткъа вайн эрал хьалхара 323—200 шерашкахь Айраратан паччахьаллин паччахьаш болуш[6][7]. Страбонца («Географи», XI,14, 15), схьабовлар дара гӀажарийн хьаькмах Гидарн Воккхахаволчух, Харц-Смердис вийначу ворхӀаннах цхьаъ. Наггахь цуьнан га лору вайн эрал II—I бӀешо хьалха Эрмалойчоьнна урхалла дина АрташесгӀеран некъий[8][9]. Цул сов ЕрвангӀеран некъаша урхалла дира Жима Эрмалойчоьнан. Некъаша иштта урхалла дира эрмалойн месопотамин паччахьаллашкахь Коммагенехь, Осроенехь, Гордиенехь, Адиабенехь, Софенехь.
ЕрвандгӀар | |
---|---|
эрм. Երվանդունիներ | |
| |
Мохк | |
Кхоьллинарг | Ерванд I (сардал) |
Кхоьллина шо |
в.э. 401 шо хь. сардалаш санна, в.э. 331 шо хь. паччахьаш санна |
Даржера дӀабахар |
в.э. 200 шо хь. (Йоккха Эрмалойчохь), в.э. 95 шо хь. (Софенехь), 72 шо (Коммагенехь) |
Къона геннаш | АрцрунидгӀар |
|
|
Медиафайлаш Викилармехь |