ГӀодан га
From Wikipedia, the free encyclopedia
ГӀодан га — леррина къастийна вегетацин дебаран лелош долу ораматан дакъа.
Субстрат чу орам тасийтархьама дийна гӀодан геннах, орамаш а, патарш а кхуьий, керла орамат хуьлу. ГӀодан геннах кхиина орамато Ӏалашдо шен ненан хьал а, билгалонаш а.
Дукхах дерг гӀодан га доккху маргӀалех, дечиг хилла яьлла — гӀаш доцуш (Кхезарш, Кемсаш, Хьайба, Инжир) — я сийна — гӀаш долуш (Кхезарш, Хьач, Балл, Кемсаш, КӀудалгаш), амма гӀодан геннаш дан мега бецан гӀодах (Флокс), кхин тӀе цхьанашеран ораматах а.
Цхьайолчу дечиган а, бецан а орамаш тосучу ораматийн (ЦӀен комар, Мангалкомар, Акхтарг, Ӏежан къона маргӀал, Флокс) гӀодан геннаш орамашкара оьцу (ораман геннаш), ишттачу гӀодан геннаш тӀехь керла ораматаш хуьлу кхин тӀе патарш кхуьу.
.
ТӀаьххьара, цхьайдолчу ораматийн (Бриофиллюм, Бегони, Пепероми, Сенполи) гӀадан геннаш до гӀашшах (гӀан геннаш).